Лаьмнашкахь ткъес - страница 61



– Ой, хьо а, хьан накъостий а мичахь бара? Аш хIунда хилийтира и гIовгIа? XIун пайда баьлла укурган хьаькам верах? Цуьнан метта кхин хир ма ву, – оьгIазвахара Iаьлбаг.

– ЦIеxxьана хилира иза, – воьхна жоп делира ЯнгIулбис. – Хьанна моьттура, полконако воккхачу стеган мекх озор ду а, вукхо цунна шаьлта тухур йу а…

– Говраш хьан лаьхкина хаьий?

– Хаац. Лар Зандакъойн дукъа йахана.

Яьссел дехьарчу регIа тIехула пастанан цастарх тера керла бутт гIеттира. Лулахойн кертахь йишхаьлла лета дуьйлира къена жIaьла. ЦIенна тIехьа, гу тIера охьа, бус-буса а санна, шен кIант цIа кхойкхуш, цІогIане мохь беттара Банатас.

Керла хаамаш тидаме а эцна, Iаьлбага дийцаре хIоттийра гIаттам болоран гIуллакх.

– Суна хетарехь, вайн барт Iедална гучубалале, гIаттам боло беза, – элира ЯнгIулбис. – Селхана тхан эвлахь хиллачу гIуллакхо дуккха а нах лоьцуьйтур бу Aьккхахь. Царна йукъа вайн накъостий нисбала а тарло. Ваьш кийча хилча, гIуллакх дIатетта оьшурий-те?

– Хьуна ма-моьтту, атта а дац иза, – шого вистхилира Iаьлбаг, – кечам бац вайн.

– ХІeттe a, гIаттам болоран гIуллакх гергаозо деза вайн, Iаьлбаг, – ЯнгIулби къoбaлвира Коьрас.

– Сихлур дац вай, кIентий, – совцийра уьш Берсас. – Цкъа вешан ницкъашка а хьовсий, биэ вай сацам? Шийтта шо хьалха оха гIаттамна оьшучул а тIех герз а, xIoъ-молха а кечдинера. Йарташкара кегийрхой тIеман гIуллакхна а Iамийнера. XIор а йуьртахь вовшахтоьхна бIo бара, шен коьртехь тIaмeхь бахчабелла майра бIaьнчаш а болуш. ГIаттамна тIехь куьйгалладан чІaгIбина тхьамданаш а бара. ХIоранга а шен-шен гIуллакх дIа а делла. Дан дезарг дерриг а оьзна, лерина дIанисдинера. Оцу тхьамданех, цхьа бeнoйн Солтмурд воцург, цхьа а ца висина тахана. Белла а, къанбелла а, лецна Сибрех бахийтина а, дIабевлла. Церан метта къона тхьамданаш-м хаьржинера аш. Иза дика дy. КхидIа?

– Герз а, xIoъ-молха а долуш ду. ХIор а йуьртахь вовшахтоьхна бIo а бу, коьртехь тешаме нах а болуш. Муьлххачу минотехь герз караэца, дойшна тIеховша кийча.

– Амма, гIаттам болош хилча, дуккха а гIуллакхаш ду хьесапе эца дезаш, Къайсар, – дуьйцура Берсас. – Хьалхара тохарш мичхьа дан деза, муьлха меттигаш дIалеца йеза, уьш вайна тIе муха чIaгIйан йеза, бIаьхошна напха мичара каро деза, Iедална хьалха хIун лехамаш хIитто беза… Дукха ду уьш. Церан ойла йан а, царна кечамбан а хан йеза, кIентий.

– Адамийн собар кхачийна, ва Берса! – мохь белира ЯнгIулбин. – КхидIа са цa дeттало халкъe. Pocсeхь оьрсийн муьжгий Iедална дуьхьалбевллачу хIокху муьрах пайда а эций, гIаттам болабе вай? Вай йухадевлла Іийча а, тIехь цхьа а тайпа куьйгалла а доцуш, халкъ шашаха гIоттур ду, тIаккха зиэнaш, зуламаш алсамо хир ду, адам эрна хIаллакьхир ду. Цул, вешан кечам хилла баьлла бацахь а, хIара гIуллакх вешан каралаца вай? ТIаьхьа цхьана хорша доьрзур дац-те?

– ЯнгIулби бакъ лоь…

– Адамаш, бажа санна, хецна дитича, зуламаш совдевр ду…

– Iaьлбаг, хьо имам ву. ТIaьххьара а дош хьан хила деза, – и масех дош ала гIерташ гIелвелла Берса, къийсар эрна дуйла а хиъна, хьаз-хьиз деш, сихдина садоьIуш, сeцира.

– Со а реза ву ЯнгIулбис аьллачунна. ГIаттам вайга сацалур бац. Амма, цуьнан гIуллакх генадалале, иза вешан кара схьалаца деза вай. Хьалхара тохар мичхьара дIадоладе вай?

– Веданна тIера, – ойла а ца йеш, сихха жоп делира Къайсара.

– ХIан-хIа, Хаси-Юрт дIалаца йеза хьалха, – сацамболлуш элира ЯнгIулбис. – Цигахь эскар алсам ду.

– Вайна стенна оьшу йуьстах лаьтта Хаси-Юрт? Цул, Ведана дIа а лаьцна, арен тIе девлча?