Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - страница 20



Ткъа Соьлжа-ГIала-м Советски Союзан гIала санна хаза кхууьш йара, и йоккха пачхьалкха шен сурсаташца йузор цо цхьаьна денна сацийна а дацара.

Нохчийн хIаллак йиначу интелллигенцин кхин цхьа тоьшалла ду – Цебиев Ахьмад – нохчийн Iилманан дIабайна малх, дуьненахь а вевзаш хилла физик.

Цуьнан цIе къиза къолам хьаькхна йайинера Советан Iедало, ткъа цо мел бина Iилманан болх, цуьнан мел хилла кхиам цуьнан накъосташна дIабеллера. «Явление генерации СВЧ – колебаний полупроводниковым диодом с одним p-n—переходом» – цу Iилманан хиламах хIинца а жигара пайда оьцу зIенийн гIирсаш кхолларехь а, вайна массарна а йевзаш йолу мобильни телефонаш йарехь а.

Карарчу хенахь, нохчашна шайна а ца хаьа шен йист йоцучу аьттонашца вай цец дийхина ца йолу мобильни телефон кхолларехь шайн махкахочун Цебиев Ахьмадан хааршах пайда эцна хиллий.

Ткъа Iамаьркара а, Японера а, кхин болчу мехкашкара а тоьллачу электронни фирмаша цу Iилманан хиламан буха тIехь хIинца а керланиг гучудоккху зIенан гIирсаш кхолларехь а, царех пайда эцарехь а.

Цебиевс кхоъ Iилманан керла хилам гучубаьккхина, радиоэлектроникин а, шуьйрачу радио зIенан а декъехь ткъе йалх говзар йина, иштта диллина а, къевлина а зорбане баьлла цуьнан шовзткъе итт Iилманан болх.

Амма цуьнан сел боккха а, къеггина а болу и кхиам йукъара хилира, ткъа Ленинан лаккхара совгIат цо болх биначу лабораторехь массарна а кхечира, Цебиев виссалц.

Иштта дара Советски Нохчийчуьра культурни-исторически хьал.

Нагахь санна, экономикин кхиар цу боларехь диссинехь, коммунисташа йуьйцуш йолу социальни архитектурас цхьа хийцамаш хилийта а мегар.

ХIетахь Советски Союз эскарца а, космосехь болчу кхиамашца а Вовшахтоьхначу Iамаьркан штаташца къиссалуш йара. И къовсам бахьана долуш экономика а тишлуш лаьттара.

Советски Союза инзаре дукха ахча дара дойуш шен эскарна, ткъа политически аппарат лелорна а йоккха харж йезара.

Социализмана йеш йолчу пропагандас кIезиг пайда бохьура: центральни правительствос бахархошна кховдош долу хьашташ цIиндар хIинца а кIезиг дара.

Бюрократис ницкъ бина йолу экономикин машена сецош йара инвестициш а, ткъа оьрсийн а, оьрсий боцучеран а йукъаметтигаш а меллаша йуха а йухуш йара.

Экономически а, политически ирхенашкара керла йукхадовларан хьокъехь къаьсттина чIогIа нохчаша шайн дагара хаийтира динан ламасташка берзарца: 1970-чу шерашкахь республикехь жигара болх бан буьйлабелира къаной. Цара къа хьоьгура шайн къоман исторически а, культурни баххаш лардарна тIехь. Цара беш болу болх бахьана долуш, церан дийна иэс хиларна аьтто белира нохчийн къоман син-оьздангалла а, кхетам а ларба.

Кегирхой буьззинчу барамехь цара бохучунна тIаьхьа хIиттина бара, уьш шайн ма-хуьллу юьстах бовла гIертара нохчийн къоман мехалашна хийра долчунна. Цу хьокъехь къаноша йоккха меттиг дIалоцура нохчийн къоман дахарехь.

Бусулба дино а, махках дахарах болчу дагалецамаша а, нохчийн этнически кхетамо а халкъан ламасташ йухаметтахIотторехь керла гIулч йаккха аьтто бира. 1980-чу шерашкахь нохчий шайн культуре бирзира.

Шен агIор коммунистически куьйгалла цунна дуьхьало йан гIертара: СССР-ан издательски отдела ца магийнера махках дахар аьлла муьлхха а дош хьахо, амма цуьнан чов и ирча сурт гиначеран дегнашкахь хIинца а Iийжара, ткъа тIекхуьучу чкъурана бакъ дерг хаьа лаьара [20] ГIалгIайн маьрша боламан баьччас Кодзоев Iийсас шен политически хьежамашах лаьцна ишта дийцира: «Иза дуьххьара доладеллера тхо хьехархойн институтан студенташ долчу хенахь. Тхо махках даьхна нах дара, тхуна цунах лаьцна ша дерриге а хаьа а лаьара. 1944-чу шарахь сан доьзалехь цхьайтта стаг вара. Со уьш массо а цхьаъ цхьа