Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - страница 24
Итт шо хьалха ишта йолу ойланаш цIий Iанош сацийна хир йара, амма Горбачевна лаьара политика цIинъйан а, и тайпа гIаттамаш магор бахьана долуш, бIе эзарнаш адамаш шегахьа дерзо а.
Кестта и тайпа хиламаш Прибалтикан дозанера арабевлира. Халкъан фронташ массанхьа а кхоллалуш йара.
Къоман синхаам йухаметтахIотта болабелчхьана, латтанашца доьзна, шираллера дуьйна къастонза диссина хаттарш а самадевлира къаьмнийн кхетамехь.
СССР бIе сов субъектах лаьтташ йара, царех цхьайерш шайн башхалла ларъечу кегийчу къаьмнех йуьзна йара. ЦIеххьана самабаьллачу къоман кхетама цIе латийра Нохчийчоьнна ши ког тассал хир йолчу Ламанан Карабахехь. Цу лаьттахь Iаш дукха хьолахь эрмалой бара, амма Карабах Азербайджанна йукъа йогIуш йара. Эрмалойшна а, азербайджанцашна а йукъахь дуьххьара дар-дацар хилира Сталин веллачул тIаьхьа. Горбачев Iедале хIоьттича, эрмалой шаьш керстанаш хиларе терра, кхерабелира, бусулба лулахойн культурни геноцидах.
Меттигера интеллигенцис а, политикаша а доьхура школашкахь эрмалойн мотт Iаморе а, шайн мотт азербайджански маттаца нийсса пачхьалкхан мотт лараре а.
Ткъа азербайджанцаша шайн рогIехь и латта шайн хилар тIечIагIдора, и бахьана долуш Ламанан Карабахана автономни статус йала уьш реза а ца хилира.
1987-чу шарера I989-гIа шо кхаччалц и ши агIо шайн къовссамаш дIахьош йара, ткъа Горбачев уьш барте бало гIертара. Къаьмнаша шаьш реза ца хиларг гайтар гена даьллера, и бахьана долуш дуьххьара маьрша бахархойн кхалха дийзира.
1988-чу шеран чилланан беттан 20-чохь доккхачу девнан суй летира: эрмалойн тобано хьийзинера Азербайджанера ши йоI. Ши де даьлча, азербайджанаш а, эрмалой а Аскеранна уллохь дуьхьалIиттабелира. Цигахь хилла латарш бахьана долуш, Азербайджанера жима ши кIант вийнера.
Ткъа кхин а масех де даьлча, азербайджанийн тобанаш тIелетира шайн коьртачу шахьарна Баку гIалина масех чаккхарма геналлехь хир йолчу Сумгаит гIалина. Нийсса кхаа дийнахь цара дукха зенаш дира – цIий Iанош, ницкъ беш. Цара лелийначун жамI хилира вийна ткъе йалх эрмало. Бекарг беттан I-чохь гIала чудеанчу Советски эскаро сацийра цигахь хилла гIаттамаш, амма зенаш хилар бахьана долуш, йуха кIирнахь дуьйна цу махкара эрмалой дIаэха буьйлабелира. 1988-1989-гIа шерашна йукъахь бIеннаш адамаш дайинера, ткъа эзарнаш махкаха бевлира.
Нохчийн дешан маршо
Бакъ дерг дийца маршо йаларо аьтто белира Советан Iедало къаьмнаш махках дахарах а, кхин йолчу латтийначу къизаллех а лаьцна долу исторически белхаш даржо, ткъа цара цIеххьана самадаьккхира халкъан иэс, шайн лаамехь Советски Союзах къаьмнаш кхетта бохуш йолчу теори харц хилар а гойтуш.
1987-чу шарахь кхоллайелира «Кавказ» цIе йолу дуьххьара кульутурин цхьаьнакхетаралла. Цуьнан коьрта Iалашо йара Кавказан къаьмнийн башхалла а, халкъан иэс а лардар. Коьртачу декъехь иза вовшахтоьхнарг вара исторически факультетан къона арахецархо Межидов Бектимар. Цунах лаьцна ма-дарра вай рогIера кортошкахь дуьйцур ду.
«Кавказа» майрра дуьхьало йира Виноградов профессоран ойланашна, хIинцалц политикас ца магийна хилла долу тоьшаллаш тидаме а дахкош.
Къаьсттина цо тIелецира политикас къобалйиначу историографина реза ца хилла а, и бахьана долуш университета ца магийна а хилла болу историкаш: уггаре а хьалха иза вара профессор Ахмадов Хьусейн – Нохч-ГIалгIайн Iилманан талламан институтан белхало. Виноградовна дуьхьал хиллозза къамел дар бахьана долуш иза 1985-чу шарахь институтера дIа а ваьккхина Джалка олучу жимачу йуьрта дIахьажийнера хьехархочун болх бан.