Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - страница 30



[32] Гуьржийн баьччас шуьйрачу хаамийн гIирсашка дIахьедира: хIирийн къам – иза Рокски дукъахула дехьа лалла йезаш йолу нехаш йу. Оха ХIирийчу а дахана, хIирий тхан караберзош, уьш гуьржий хуьлуьйтур бу, ткъа нагахь санна царна ишта чIогIа оьрсий безахь, Гуьржи махкара Россе дIабаха беза уьш.

Нохчийчуьра хьал

Вайна гуш ма хиллара дешан маршоно КПСС-ах тера йолу цхьаьнакхетараллаш кхоллайаларе далийра. Йуьхьанцара гонахара Iалам лардарна тIехьажийна хилла боламаш тIаьхьа къоман амале бирзира.

Маьрша ойланаш партехь ца хилийта, Горбачев цуьнан куьйгалла къонда гIоьртира, меттигера баьччанаш махках бахарна тIе а товш. Нохчийчоьхь кхаж белира йуьртбахаман министр лаьттинчу Завгаев Докун. Иза Iедална муьтIахь гIуллакхо вара. Теркйистера Бено-Юьртара схьаваьлла а вара, ткъа иза хууш ма-хиллара даима оьрсийшкахьа ойла йолуш хилла меттиг йу.

Иза башха чIогIа дош лелаш ца хиллехь а, амма нохчо хилар а тоьар дара, меттигера бахархойн цуьнца ларам хилийта. Завгаев Доку партийна дукха хIуманна декхарийлахь вара. КПСС бахьана долуш, цо колхозера пхьарера республикин коьртачарех цхьаъ йолчу министерствон куьйгалхочун дарже кхаччалц некъ бира.

Иза вуно дика вогIуш вара, нохчий жимма а совцо.

Амма цуьнга а ца хоттуш, иза цу дарже хIоттор къоман кхетам буьрса баккхаран бахьана хилира.

Керла баьччано халкъан лехамаш ма-барра бовзуьйтур хиларах тешна болчу интеллектуалаша уггаре а хьалха дIаболийра болх, Нохч-ГIалгIайн интеллигенцин Ассоциаци а кхуллуш. 1990-чу шеран чилланан беттан 23-чохь, Ардахар дагалоцуш, цхьаьнакхетар вовшахтуьйхира цара. Завгаев кхайкхинера шуьйрачу хаамийн гIирсашка вистхила.

Цо шен къамел дIадолийра Сталина латтийначу къизаллина йемал дарца. Ткъа иза хууш ма-хиллара, хIинцалц магийна дацара ала.

– Вай тахана кхузахь гулделла, бехк боцуш къам махках доккхучу хенахь кхелхинарш дагалаца. Тахана вайна хаьа социализм хIуттучу муьрехь, Сталин бехке вара шен къизаллина, цо ларам ца бинера къаьмнийн политикехь хиллачу Ленинан мехаллийн. И бахьана долуш, дийнна къаьмнаш йамартхойн сийсаза цIе а кхуллуш, гуттаренна а шайн Даймахках, маттах, кхерчах дехира – дIахьедира Завгаевс.

Завгаевн Iалашо адамийн дегнаш карзах а ца дохуш, церан маьрша ойланаш партийн хорше йерзор йара. И бахьана долуш, социализман зуламашна йемал диначул тIаьхьа, цуьнан къамел цу социализман гуманитарни мехаллашка дирзира:

– Вайна уггаре а доьхна деана хиллачу кху дийнахь, вай ойланца массо а цу Сийна Сибрех ду, Казахстанан пана аренашкахь ду. Вай доггах баркалла боху вайца и бала лайна, и бала бекъна хиллачу эзарнаш оьрсийшна, казахашна, украинцашна, гIиргIазошна, узбекашна. Цу ирча а, къиза а хиллачу заманахь вайн иэсехь сирла мIаьргонаш а йиссина, ткъа уьш йоьзна йу вайна йовхо а, шайгара гIо а кховдийна хиллачу тайп-тайпана къомара нахаца. Иза а вайн историн цхьа дакъа ду – билгалдаьккхира цо.

Эххар а, уггаре а тIаьхьара хиламех дерг олуш, къаьсстина къоман гайтамашах лаьцна, цо шен къамелехь кхайкхам бира массаьрга а экстремизм тIе ца лацаре:

– ТIаьхьарчу хиламаша вайна гойту, мел доккхачу зуламе боьрзу къаьмнашна йукъара цабезам. Тахана вайна хи санна шера гуш ду Перестройкан кхиам вайх, вайн бартах боьзна хилар. Вайна ца оьшу къаьмнашна йукъара цабезам, вайна ца оьшу сепаратизм, вайна ца оьшу тайп-тайпанчу къаьмнаш йукъахь цатешам а, зулам а даржор долу ницкъаш.

ХIинца коьртаниг ду болх бар, экономика кхиор, экстремизме Iеха ца бойтуш, хьанал къа хьегар. Иза ду хIора а вахархочун сийлахь декхара – элира Завгаевс.