Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 13
ЧАГ1АР МОЛУЧУННА ТА1ЗАР
Ма кхераме х1ума ду чаг1ар малар. Ма йоккха дакъазалла йу иза. Дала не1алт аьлла чаг1ар молучунна. Дала не1алт аьллехь цхьа а кепара ирсе хир вац и стаг, х1унда аьлча дакъаз ваьлла дела иза. Дала лар дойла вай цу балхах.
Аллах1ан Элчано, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Не1алт аьлла Аллах1а чаг1аран, иза молучунна, иза дуттучунна, иза духкучунна, иза оьцучунна, иза доккхучунна, иза доккхийтачунна, иза д1ахьочунна, иза хьадоуьйтучунна».
Йа Аллах1! Ма доккха х1ума ду иза! Цу чаг1арх хьакхмелвеллачунна Аллах1а не1алт аьлла-кх. Ма ч1ог1а ца дезна и Аллах1ана! Ма ч1ог1а оьг1аз вахийтина Аллах1 чаг1арах хьакхлучара! Тоьар дацара царна оццулл Аллах1 оьг1аз вахча?!1ад дита мегар дацар цара иза, оццул Аллах1а не1алт аьлла хилча?!Шена т1аьхь не1алт долу адам ма кхераме ду-кх. Ма декъаза некъа т1ехь ду и адам. Варийлаш, лараме бусалба нах, герга ма хилалаш цу чаг1аран цхьанна а кепара, баккъаллаъ кхераме х1ума ду шуна иза. Хьуна ма-гарра чаг1ар молуш воцучунна а хуьлу Аллах1ан не1алт, чаг1арах иза хьакхавелла дела. Цхьаннан мотта тарло, чаг1ар молуш ца хилча иза леладан мегар ду. Аьттехьа а дац иза. Цунах муьлххачу а кепара хьакхавелларг Аллах1ан не1алт буха воьдуш ву.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Баккъаллаъ, Аллах1а а, Цуьнан Элчано а хьарам дина чаг1ар дохкар!»
Чаг1ар дохкар а хьарам ду, цунах хилла ахча а хьарам ду.
Чаг1ар малар ч1ог1а кхераме х1ума ду. Иза молучуьн бусалбаналлан ч1ог1а кхераме х1ума ду иза.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Чаг1ар мер ма дац, иза молучу хенахь иза муъмин а волуш».
Йа Аллах1! Ма доккха х1ума ду иза. Чаг1ар молучу хенахь ша муъмин волуш мер дац цо иза. Муъмин Аллах1аца ийман диллина стаг ву. Ткъа чаг1ар молучу хенахь цуьнан ийман д1аайало цунна т1ера, т1аккха ма кхерамечу хьолехь ву иза. Йа Аллах1! Ма доккха х1ума ду иза, ма боккха болх бу иза! Ма цу т1ехь сема хила дезара вай. Ма дита дезара чаг1ар молучо и боьха малар. Хьарам малар. Иза молучу хенахь шен ийман д1адоьдуш хилча, цу хьолехь ша лахь х1ун дан воллу иза?! Ша ийман долуш лийр вуй хаий цунна? Х1ай лараме бусалба нах, ларлахьара шу цу боьхачу маларах.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цхьана х1уманна т1ехь ваьхнарг, цу т1ехь лийр а ву, цхьана х1уманна т1ехь велларг, цу т1ехь г1аттор а ву (къемат дийнахь)».
Лараме ваша, йиша! Хьажа деза вай, муха дехаш ду вай кху дуьненахь. Муьлхачу 1амал т1ехь ду вайн дахар. Вай дехаш долучу х1уманан т1ехь далар а хир ду вайн, ткъа деллачу х1уманан т1ехь Веза-Сийлахьчу Аллах1ана дуьхьал х1иттар а хир ду. Цундела, дикачу 1амал т1ехь даха деза, цу т1ехь вешан чаккхе хиларан са а туьйсуш.
Х1ай чаг1аран марзвелларг! Баккъаллаъ, дитахьара ахьа иза! Чаг1ар молуш а волуш хьан д1авалар хилахь, чаг1ар молуш а волуш Далла дуьхьал г1атта а вийр ма ву хьо, ткъа цулла а йоккха дакъазалла йан а йуй? Йуха валахьара х1ора чаг1ар молуш волу стаг. Диканна т1ехь нислахьара.
Лараме бусалба нах! Эхартехь ма къаьхьа бекхам хир бу чаг1ар молучунна.
ДИЙЦАР
Аллах1ан Элча, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, волчу Еман махкара стаг веъна. Цо хаьттина Пайхамаре, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хьаьчк1ах даьккхинчу маларах. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Ваха вой цо»?
Стага аьлла: «Х1аъ».