Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 12




Кхечу хьадисехь Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «йеригге молуш йолу вахош йолу х1ума хьарам йу».


Лараме бусалба ваша, йиша! Дег1ана марзделла муьлхха а х1ума дита хала ду. Цунах къаста хаза ийман а, боккха лаам а, доккха доьналла а оьшу. Бакъдолуш атта дац иза. Йехачу хенахь дег1ана марзаделла, хазаделла, цунна дика хетта х1ума дита ца лаьа дег1ана. Амма хьуна хаийла, хьо цу х1уманах вихкина ца хилар. Иза Дала хьуна чу диллина ца хилар. Цхьана бахьница марзаделла хьуна иза, амма хьан даг чохь йолу ийманан марзоно д1айоккхур йу цу хьарамчу х1уманан марзо. Хьан даг чуьра ийман ду хьуна Дала чу диллинарг. Иза бу хьан коьрта бахам. Цу хьан ийманан марзоно г1о дийр ду хьуна, ахьа деш долу хьарам х1ума дита. Мичахь йу и марзо сан даг чохь, аьлла хатта там бу ахьа. Аса олу хьоьга иза мичахь йу. Аллах1 везий хьуна? Аллах1ана хаза хета х1ума дезий хуна? Аллах1ан Элча везий хьуна? Цхьа а шеко йац хьуна Аллах1 а, Цуьнан Элча а везаш хилар. Иза йу хьуна хьан даг чуьра ийманан марзо. Цу марзонца арадаккха ахьа хьайн дагчуьра чаг1ар. И боьхалла ара а йаккхий, ийманах хьаладуза ахьа хьайн дог.


Дала къуъръан чохь чаг1ар хьарам деш аьлла:

«Х1аийман диллинарш! Чаг1ар а, майсир26 а, ц1уш27 а, пхерчий28 а – шайт1анан белхан рижс (боьха х1ума) йу, генадовла цунах – шу даккхийде тарло»29.


Дала кху Шен дашехь хьарам дина чаг1ар малар. Доккха къа ду чаг1ар малар, иза молуш волчо тоба дина дита деза чаг1ар малар.


Лараме бусалба ваша, йиша! Дала шайга чаг1ар ма мала аьлча, цу хенахь хиллачу бусалба наха х1ун дина хир ду аьлла хета хьуна? Цара муха т1елецира Дала чаг1ар шайна хьарам дар? Бусалба дин дале хьалха а, деъначул т1аьхьа а чаг1ар молуш хилла уьш. Дала бусалба дин доссо долийча а чаг1ар хьарам ца динера царна, церан ийман ч1агдаллац, йеха зама йаьхьна хилла и молуш, чаг1ар дит лур доцу дела цаьрга, церан ийман ч1аг1даллац 1ийна Веза-сийлахь Дела. Бусалба дин деъна йалхитталг1ачу шарахь хьарам дина Дала чаг1ар малар. Амма цу хена хилла бусалба наха, асхьа́баша, Аллах1 реза хуьлда царна, Дала иза шайна хьарам дича дитина чаг1ар малар. Шайна чаг1ар Дала хьарам диний ма хиънехь, эццахь шайн чуьра чаг1ар ара даьккхина урамашка д1адоьттина цара. Чаг1ар молуш 1аш болу асхьабаш, Аллах1 реза хуьлда царна, иза хьарам диний хиъча чаг1ар ца молуш севцца, шайн карар чаг1ар д1адоьттина цара. Царех масал эцна хьоьга а диталур ду иза. Кийрахь бусалба дог долуш, ийман долуш бусалба стаг ма ву хьо! Аллах1а Ша реза волчу х1уманан т1ехь са воккхийла хьо.

Валлах1и, ма ч1ог1а Далла муьт1ахь хуьлуш хилла асхьа́баш, Аллах1 реза хуьлда царна. Хьажа кху масале.

ДИЙЦАР

Анас бин Ма́лика, Аллах1 реза хуьлда цунна, дуьйцу:

«Со Абу-т1олхьатна а, хьенехан а, хьенехан а чаг1ар дуттуш лаьтташ вара царна уллохь. Цхьа стаг веара тхуна т1е, цо элира: Хабар кхаьчний шуьга?

Цара элира: Х1ун хабар?

Цо элира: Чаг1ар хьарам дина!

Цара элира: Д1а1анайе х1ара пхьег1аш, х1ай Анас.

Цара ца хаьттира чаг1арах лаьцна х1умма а, хабар бакъ ду йа дац, х1ун ду мила ду, шайга и хабар кхаьчча».


Иштта хилла церан Аллах1ан муьт1ахь хилар. Даламукълахь, царех масал оьцур ду вай а. Уьш санна хила деза вай, эрна къамелаш а ца деш, г1арч1 аьлла, Делан дуьхьа дита деза чаг1ар. Ойла йе, мел хала хилла царна иза дита, х1унда аьлча деха шерашкахь чаг1ар цара мийлина дела. Чаг1ар ца дезаш бацар уьш, делахь а, Аллах1 алсам везара царна, шайна дезачу массо х1уманел а, цундела Аллах1а хьарам дича эццахь дитира цара чаг1ар. Хьуна а атта дац иза дита, делахь а, Аллах1ан дуьхьа ахьа муьлхха а х1ума дуьтур дуй хаа суна, цундела, ахьа а дуьтур ду иза, шеко йоцуш, Аллах1ан дуьхьа.