Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 11
1илма доцург хьайбех тера ву. 1илма адамийн массо а хьелашкахь оьшуш ду. Массо а хьелашкахь ша х1ун дан деза, муха дан деза, маца дан деза, мел дан деза, кхин д1а а хьелашкахь оьшуш ду.
Шайт1ан болх – адам галдаккхар бу. Адам тилдар. Амма 1илма долу стаг гал ца ваккхало цуьнга, цундела 1илма долу стаг шайт1ан луьра мостаг1 ву. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цха факъийх1 (1елам стаг) хала ву шайт1ана эзар 1а́бидел». 1а́бид Далла 1амал йеш верг ву, амма 1илма дац цуьнгахь. 1амал йеш волчу эзар стагана дуьхьал латта атта ду шайт1ана, цхьана 1елам стагана дуьхьал лаьттачул. Бакъволу 1елам стаг веза ву, сийлахь ву, х1унда аьлча 1илма ду цуьнгахь.
Ибан 1абба́са, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла Иблисан уггаре дукха цавезарг ша ву, х1унда аьлча Иблисо цхьа х1ума йукъа доккху, 1илма доцу нах цу х1уманна т1аьхьа бозу, ткъа Ибн 1аббаса иза дохадой д1адоккху, нахана иза нийса ца хилар билгал а доккху. Цундела ца везаш хилла иблисана Ибн 1абба́с. Ибан 1абба́с, Аллах1 реза хуьлда цунна, воккха 1елам стаг хилла. 1илма хилла цуьнгахь, цундела чекхдолуьйтуш ца хилла цо иблиса лела до х1уманаш, цундела иблисана ч1ог1а новкъа хилла иза. Иштта х1ора а 1илма девзаш волу стаг иблисан мостаг1 ву. Амма шегахь 1илма а доцуш, Далла муьт1ахь хила г1ерташ волчу стагана иблиса цхьа х1ума хаза до, ткъа шегахь 1илма ца хиларе терра и х1ума иблисера дуй хаа, и стаг цу балхана т1аьхьавозу ша дика до моьттуш, ткъа иблиса иза гал воккху. Цундела, 1илма уггар хьалха хила дезаш ду. Цундела, 1илма 1амо деза вай. 1илма довза деза вайна. Бакъболчу 1елам нахе ладоха деза.
1илманца ца делла жоп галдаьлла жоп ду. 1илманца ца дуьстина х1ума нийса дуьстина дац. 1илманца ца хадийна мах нийса хадийна мах бац. Иза билгал долу вайна, Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, дийцинчу хьадийсаца. Цо аьлла: «Боккъалла а, Аллах1а нахера 1илма схьа ца доккху (оззийна) схьадаккхарца, делахьаъ 1елам нах д1еэцарца 1илма д1аоьцу Цо. Эххара цхьа а 1елам стаг ца витича, цара лоцур бу (шайн т1е) жех1ал коьрташ (1илм доцу нах), цара (наха) цаьрга хоттур ду (динехь х1ума), цара жоп лура ду (шайгахь) 1илма доцуш, тилбелла уьш (жех1ал кортош), (нах а) тилбина цара».
Лараме бусалба нах! 1илманах тасадала деза вай. Бусалба динах а, дуьненан пайденчу х1уманах а лаьцна кинижкаш йеша йеза вай. Т1аккха вайн дахар даима хаза а, дика а хир ду. Дала Шен дине хаза йуха дахкадойла вай.
ЧАГ1АР
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду25:
Лараме бусалба нах! Вайна массарна а хууш ду корта бахош долу малар хьарам хилар. Веза-Сийлахьчу Дала хьарам дина ду и малар. Дала ч1ог1а та1зар дийр ду аьлла и молуш волчунна. Бусалба стагца дог1уш а дац корта бахош долу х1уманаш лелор. Цунах ларвала веза бусалба стаг. Вайна хаа бусалба стага чаг1ар мала ца дезий, амма вайна хаа бусалба наха и чаг1ар молий а. Иза 1аламат доккха ирча х1ума ду. Бусалба нахана ч1ог1а эшаме х1ума ду иза. Цундела Дала нахана йуккъахь бохамаш ца хилийта, царна эшам ца хилийта хьарам дина ду иза. Цу т1ехь нисбала беза бусалба нах.
Чаг1ар х1ун ду? Чаг1ар- муьлхха а корта бахош йолу х1ума йу, иза муьлххачу а х1уманах даьккхина далахь а. Хьекъал д1ахьуш йолчу х1уманах олу чаг1ар. Иза хьарам йу. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьллла: