Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 9
Истихарат диначо шен даг чохь кхолладеллачу х1умане ладог1а деза. Истихарат динчул т1аьхьа цу г1уллакхана ойла т1ейахар алссам хила тарло, шен даго гуттар и г1уллакх дар къобал деш карадо цунна, т1аккха иза цунна хилла Делера жоп ду. Т1аккха и г1уллакх дийр ду цо. Амма истихарат динчул т1аьхьа цуьнан даго и г1уллакх кхин къобал ца дахь, цу г1уллакхан т1е ойла ца йоьдахь, цу г1уллакхах цуьнан чам баьллехь, т1аккха а иза цунна Делера жоп ду, т1аккха и г1уллакх дуьтур ду цо.
Амма, нагахь санна даг чохь х1умма а хаа ца лахь, т1аккха ша истихарат динчул т1аьхьа шен хьекъало шена хьоьхучу х1уманца д1аг1ур ву иза. Шена и г1уллакх дан мегар ду аьлла хетахь дийр ду. И г1уллакх дан мегар дац аьлла шена хетахь дийр дац. Цул т1аьхьа цунна цу г1уллакхах хилла муьлхха а пайда, йа зен – иза Делера ду.
Лараме бусалба ваша, йиша! Хьуна цхьа х1ума хаийла, истихарат ламаз диначул т1аьхьа хьуна хуьлу муьлхха а х1ума, Аллах1а хьуна хаьржина х1ума ду хьуна. Цундела, Дала хьайна хилийтинчу х1уманца ийманца чекхвалалахь оьг1аз а ца оьхуш, г1айг1ане а ца хуьлуш, деригг а х1ума Аллах1ан карахь ду хьуна. Хьуна ца хаьа хьайна х1ун дика ду, йа вон ду, амма Аллах1ана хаьа иза, цундела Цо хьуна уггаре а диканиг ло, хьуна иза дика ца хетахь а. Дала боху къуръан чохь:
«Шуна ца деза тарло цхьа х1ума, и шуна дика а долуш. Шуна деза тарло цхьа х1ума, и шуна вон а долуш. И Аллах1 хууш ву, шу хууш дац»19.
Лараме ваша, йиша! Гой хьуна, мел деза а, доккха а х1ума ду истихарат ламаз. Мел ч1ог1а оьшуш ду иза вайна, вешан дахарехь г1алаташ ца даха, гал ца довла, вешан г1уллакхаш дика а, беркате а хилийта. Цундела, варийлахь, сема хиллахь кху ламаз дарна т1ехь, Деле хьайна дикахдерг харжар доьхуш хилалахь, хьайна хетачунна т1е тевжина ма лелалахь, цхьана Аллах1ана т1етевжина лелалахь. «Цхьана Аллах1ана т1етовжа, шаьш муъминаш20 делахь»21 – аьлла Дала къуръан чохь.
Аллах1а Шен дине йуха дерзадойла вай хаза дерзадарца. Субхьа́накаллох1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка. Акъу́лу къовли х1аза ва астаг1фируЛЛо́х1а ли́ ва лакум, фастаг1фиру́х1у фаиннах1у Тавва́бун Рохьийм, ва а́хиру да1ва́на анильхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн, вассала́му 1алайкум ва рохьматулло́х1и ва барока́тух1у.
1ИЛМА
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду22:
Лараме бусалба нах! Ислам дин – нуьре дин ду. Ислам дино боданехь долу адам серлоне доккху. Нийсачу некъа т1е х1оттадо. Ткъа Ислам дино иза до 1илманца. Адамна 1илма 1аморца и адам хаза ирсечу дахаре кхача до Ислам дино. 1илма – Ислам динан герз ду. 1илманца бен Ислам дин д1а ца х1утту нахана йуккъехь. Цундела, Далла ч1ог1а ч1аг1дина т1едиллина вайна 1илма 1амор. 1илма девзаш хилар. Вай боданера серлоне довлийта, харцонера нийсоне довлийта, дакъазаллера декъалхиларе довлийта.
Ислам дин дале латта т1ехь бода хилла. Бода хилла бохург, нахехь 1илма ца хилла бохург ду. Адам ша х1ун лело деза а ца хууш шена луъ-луъург леладеш хилла. 1аламат дукха харцонаш, г1алаташ, зулманаш хилла. Нийса дин девзаш ца хилла. Дела вовза ма-веззара вевзаш ца хилла. Цунна 1ибадат деш ца хилла. Амма, Ислам дино иза деригге къобал ца до, цундела, Ислам дино иза деригг а д1адаьккхира. Иза деригг д1а а даьккхина, 1илма делира Дала адамана.