Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 8




Лараме бусалба нах! Гой шуна, мел доккха х1ума ду истихарат ламаз. Истихарат фарз дац, суннат ду. Жа́бира, Аллах1 реза хуьлда цунна, ма аллара, шайн массо г1уллакхехь Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, цаьрга де олуш хилла иза. Х1унда аьлча истихарат ламаз динчул т1аьхьа хуьлуш долу деригге х1ума дикан бен доцу дела, х1унда аьлча иза Дала хьуна хаьржина долу дела. Х1унда аьлча ахьа истихарат ламаз дича хьайн до1анехь Деле хьайна дика дерг харжар доьху дела. Амма истихарат ламаз дина а доцуш, айхьа долийна г1уллакх хьайн т1етевжина деш ду ахьа, хьайн харжаман т1етевжина, цундела иза галдала герга ду хьан, цундела цу бохамах вай лардалийтархьама Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, истихарат ламаз хьехна вайна. Вайна пайдехь ду иза, вайна ч1ог1а оьшуш ду иза, вешан дуьне а, эхарт а дика хилийтархьама.


Истихарат ламаз маца деш ду? Иза деш ду хьуна цхьа х1ума дан лиъча, иза айхьа дале, хьо цу г1уллакхан чу валале деш ду иза. Хьаналчу г1уллакх т1ехь деш ду иза. Амма Дала т1едиллина фарз т1ехь, йа Дала хьарам динчу х1умана т1ехь, йа Ислам динехь суннат лоручу х1умана т1ехь деш дац истихарат ламаз, х1унд аьлча Дала фарз а, суннат а де аьлла вайга, ткъа иза дика ду йа вон ду аьлла истихарат ламаз дан оьшуш дац, х1унд аьлча Аллах1а де аьлла вайна т1едиллина долу х1ума диканна бен хила йиш йоцу дела. Иштта, хьарам х1ума де йа ма де аьлла истихарат дийр, дац, х1унд алча Дала ма де аьлла билгалдина долу дела иза. Амма кхидолчуу белхашкахь истихарат ламаз дар суннат ду.

Хьайн дахарехь муьлхха а х1ума хьуна дагадеъча, цкъа хьалха истихарат ламаз дай бен ма делахь иза. Хьуна иза дика делахь Дала цу г1уллакх т1ехь аьтто бийр бу хьан, амма и г1уллакх хьуна вон делахь, Дала цунах гена а воккхур ву хьо, цундела, варийлахь, само йеш хилалахь истихарат ламаз т1ехь.

ИСТИХАРАТ ЛАМАЗ МУХА ДАН ДЕЗА?

Истихарат ламаз даран маь1на ду, ша дан лерина г1уллакхах Деле дикахдерг харжар дехар. Цундела, истихарат ламаз деш волчо уггар хьалха шена луург 1ад а дитина, цу г1уллакхан т1аьхье ц1енна Делан кара д1айала йеза.

Цул т1аьхьа истихарат ламаз дан ният дагалаьцна ши рака1ат ламаз дийр ду. Ламаз дина ваьлча, ша 1ачехь х1ара до1а дийр ду:


«Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахьа Хьайн Iилманца суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахьа суна гIора далар а. Хьан доккха комаьршалла доьху ас Хьоьга; бакъдолуш, Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со ницкъ кхочуш вац, Хьуна хаьа, суна ца хаьа, Хьо къайлах дерг хууш верг ву-кх. Йа АллахI! Хьан Iилманехь дерг, хIара сан гIуллакх (шена лууш долчун цIе йоккхур йу) суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан белхан тIаьхьалонехь а дика хир делахь, суна ницкъ луо Ахьа цу гIуллакхна, суна иза атта а де Ахьа, йуха суна цунах беркат а де Ахьа. Ткъа нагахь санна Хьан Iилманехь дерг, хIара гIуллакх суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьалонехь а вон хир делахь, соьх генадаккха Ахьа иза, со цунна тIера дIа а верзаве́ Ахьа, цул диканиг дан ницкъ а луо Ахьа суна, иза миччахь делахь а, тIаккха со цунна реза а ве́ Ахьа».


Х1ара до1а дича истихарат ламаз чекх долу.

ДЕЛЕРА ЖОП МУХА ХИР ДУ?

Истихарат динчунна Делера жоп хила деза, х1унд аьлча лайно шен Деле шена дикахдерг харжахьара аьлла до1а дина дела. Ткъа Аллах1а Шен лай тесна вуьтур вац. Истихарат диначунна цхьаволчунна моьтту шена г1ан ган деза, шен г1уллакхах лаьцна. Иза нийса дац. Г1ан ган а тарло цунна, ца ган а тарло, г1ене сатийса ца деза цо, г1ан гарца Делера жоп хиларе сатийса ца деза цо.