Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 10



Дала 1илма деза лерина, 1илма девзаш верг а веза лерина. 1илма девзашверг а, 1илма ца девзашверг а цхьатерра ца лору Дала. Дала боху къуръан чохь: «Цхьатерра буй хуушберш а, ца хуушберш а? Баккъалла а, ойла йийр йу хьекъал долчара»23.


Кхузахь Далла луушдерг 1илма хуушверг а, 1илма ца хуучул а веза хилар ду. Ойла йе боху вайга Дала. 1илмана т1едерза боху вайга Дала. 1илмадерг веза ву, тоьлла ву, дика ву, нийса ву, 1илма доцучул а бохург ду иза. 1илманца бен дуьне а, эхарт а девзар дац. 1илманца бен и шиъ даккхалур а дац.

Вай кхузахь дуьйцург уггаре хьалха шарий1ат 1илма ду. Ислам дин довзар ду. Ислам динах цхьа а х1ума ца хууш ца хилар ду. Шена оьшучул Ислам динах 1илма хилар ду. Амма тахана нахана Ислам динах лаьцна цхьа а х1ума ца хаьа. Цхьа к1еззиг бу 1илманца бала берш, иза 1амош берш. Дукхачарна т1ехула х1уманаш хаьа, амма нисса, къеггина, х1ора х1ума шен-шен меттехь долуш дийца ца хаьа. Ца девза тахана нахана 1илма. Цундела дуьйцу вай х1ара, 1илмана т1аьхь сутара девр дацара теша вай? Хьехамашка ладоьг1на а, кинигаш йешна а, хьехаре ладоьг1на а 1илма 1амор дацар теша вай?

1илма ч1ог1а оьшуш ду вайна! Иза коьрта х1ума ду адамийн дахарехь. 1илмий бен кхин башхалла йац адамашна а, хьайбанашна а йуккъехь. Дера йац!

Хьажал, Дала 1илма мел деза лерина къуръан чохь! Къуръан чохь 70 000 сов дош ду. Царех Дала вайга уггар хьалха аьлларг « Икъроъ» ду. « Икъроъ» бохург «йеша» бохург ду. Дала уггар хьалха вайна т1едиллинарг 1илма 1амор ду. 70 000 сов дашан йуккъера «йеша» дош х1унда аьлла вайга Дала кхи дош а ца олуш? Ламаз де, йа марха кхаба, йа саг1а ло, йа дика хила, йа кхидерг х1унда ца аьлла Дала вайга? Дера ца аьлла цу деригге х1уманан дог1а 1илма долу дела. Уьш муха дийр ду царех лаьцна 1илма ца хилча, цундела 1илма хьалхадаьккхина Дала. Х1унда аьлча 1амалш йарх кхачам бац, уьш нийса йеш ца хилча. Ткъа уьш нийса муха йийр йу? Дер йийр йу царех лаьцна 1илма 1амийча. Масала,«астаг1фируллох1» олукх наха. Цхьа жима дош дукх иза. Цхьа дош бен дац-кх иза. Делахь а, и цхьа дош олуш а, иза алале а цкъа хьалха цунах лаьцна 1илма 1амаде аьлла вайга Дала. Хьажал, Дала къуръан чохь боху: «Хьуна хаалахь, кхин Дела вац, Ша Аллах1 бен, гечдар деха хьайн къина а, муъмин божаршна а, муъмин зударшна а»24.


Дала цкъа хьалха Ша бен дела воцийла хаийла бах хьоьга, айхьа «астаг1фируллох1» алале хьалха, цул т1аьхьа «астаг1фируллох1» ала. И бохург х1ун ду? Дала хьалха Ша бен Дела воций хаий бен «астаг1фируллох1» ма ала х1унда аьлла? Цуьнан жоп: «Астаг1фируллох1» бохург «аса геч дар доьху Аллах1е» бохург ду. Ткъа ахьа хьайна геч дар доьхуш, айхьа хьаьнга деха деза хаа дезий хьуна? Деза. Цуьнга муха деха деза хаа дезий хуна? Деза. Иза мила ву хаа дезий хьуна? Деза. Цундела аьлла-кх Дала, цкъа хьалха Ша вовза, Ша цхьаъ вуй хаа, Шега муха деха деза хаа, т1аккха Шега деха.


Гой хьуна, лараме ваша, йиша? Мел ч1ог1а коьрта ду 1илма вай йечу 1амалехь! Мух-муха а йича нийса ца хуьлу 1амал, Дала ма бохху нийса ца йинехь. Ткъа Дала ма бохху 1амал нийса йан хуур дац вайна, вай Делан 1илма девзаш ца хилахь. Цундела ду 1илма уггар коьрта х1ума. Уггар сийлахь х1ума. Цундела Дала уггар хьалха вайна т1едиллинарг « Икъроъ» ду, йешар ду. 1илма 1амор ду. Х1унда аьлча Ислам дин 1илманца бен нислур дац адаме. Цкъа хьалха Ислам дино и 1амал муха йе боху хаа деза, т1аккха и 1амал йан йеза.


Лараме ваша, йиша! Ма доккха х1ума ду 1илма Аллах1ан гергахь. 1илма боху дош къуръан чохь дукха хьахийна ду! Ойла йайша, дукха хьахийна хилча ма йоккха терго йина Дала 1илманна. Ткъа вай йой цунна йоккха терго. Ахьа мел терго йо 1илманна? Масс кинижка йу хьан чохь Ислам динах лаьцна? Хьайн чуьрчаьрга Ислам динах кинижкаш йоьшитий ахь? Берашка Ислам динах лаьцна кинижкаш йоьшитий ахьа? Баккъалла сема хилалахь цу т1ехь, х1ай сан лараме ваша, йиша!