Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 7



1умар бин Хатта́ба, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Ислам динах цхьа а дакъа дац ламаз дитиначунна».


Мел доккха х1ума ду иза т1аккха, лараме ваша, йиша. Ислам динах ара валар. Ткъа тахана ма дукха бу ламаз ца деш болу бусалба нах. Ламаз деш верг а ша цхьана халоне кхаьчча ца до-кх цо иза дукхахьолахь. Хийлаза больницехь цомгуш болчара, ц1ерпошта17 т1ехь а, кеман т1ехь а, машена т1ехь а, кхечу хьелашкахь а наха ламазаш дуьтуш го вайна. Ма доккха къа ду иза. Хьарам ду иза. Шена шен хьолехь ламаз муха дан деза ца хаахь, 1амо деза цо. Йа хатта деза. Тахана санна цахуург хатта аьттонаш хилла а ма бац вайн. Ткъа деригге а х1ун ду? Дера ду ламаз т1ехь к1адо йар, дитича бен цахетар, Веза-Сийлахьчу Делах кхера ма веза цакхерар.


Аллах1а Шен дине йухадерзадойла вай хаза дерзадарца. Аллах1а вайн ламазаш къобал дойла. Субхьа́накаллох1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка. Акъу́лу къовли х1аза ва астаг1фируЛЛо́х1а ли́ ва лакум, фастаг1фиру́х1у фаиннах1у Тавва́бун Рохьийм, ва а́хиру да1ва́на анильхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн, вассала́му 1алайкум ва рохьматулло́х1и ва барока́тух1у.

ИСТИХАРАТ ЛАМАЗ

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду18:

Лараме бусалба нах! Вешан дахарехь дуккха а г1уллакхаш хуьлу вайн. Уьш вешан хьекъале, кхетаме хьаьжжина кхочушдан хьовсу вай. Цхьадолчу г1уллакхах аьтто хуьлу, цхьадолчух аьтто ца хуьлу, тайп-тайпана йу церан т1аьхьало. Амма вайн Ислам дино вайн г1уллакхаш дика чекхдовлийтархьама, дика г1уллакх бен вайга ца дайтархьама, вайна истихарат ламаз дар билгалдина. Истихарат ламаз суннат ламаз ду. Фарз дац иза, амма фарз дац аьлла дай хета ца деза вайна иза. Истихарат ламаз цхьа г1уллакх дан дагадеъча деш ду. Ч1ог1а вайна оьшуш долу ламаз ду иза. Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, шен асхьабашна, Аллах1 реза хуьлда царна, ч1ог1а терго йеш хьоьхуш хилла истихарат ламаз. Цундела, тахана вай иза дуьйцу, вайна иза довзийтархьама, вай иза деш хилийтархьама, т1аккха вайн г1уллакхаш беркате хир дара, Дала дикачунна т1енисдийр дара вай, вочух гена дохур дара.


Жа́бир бин 1абдилла́х1а, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Аллах1ан Элча, Аллах1 реза хуьлда цунна, вара тхуна истихарат (ламаз) 1амадеш массо г1уллакх т1ехь, цо тхуна къуръан чуьра сурат 1амадар терра. Цо олура: «Шух цхьаннан цхьа х1ума дан дагадеъча, шиъ рака1ат (ламаз) дойла цо фарз (ламаз) доцуш, цул т1аьхьа цо олийла: «Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахьа Хьайн Iилманца суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахь суна гIора далар а. Хьан доккха комаьршалла доьху ас Хьоьга; бакъдолуш, Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со ницкъ кхочуш вац, Хьуна хаьа, суна ца хаьа, Хьо къайлах дерг хууш верг ву-кх. Йа АллахI! Хьан Iилманехь дерг, хIара сан гIуллакх (шена лууш долчун цIе йоккхур йу) суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан белхан тIаьхьалонехь а дика хир делахь, суна ницкъ луо Ахь цу гIуллакхна, суна иза атта а де Ахьа, йуха суна цунах беркат а де Ахьа. Ткъа нагахь санна Хьан Iилманехь дерг, хIара гIуллакх суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьалонехь а вон хирг хир делахь, соьх генадаккха Ахьа иза, со цунна тIера дIа а верзаве́ Ахьа, цул диканиг дан ницкъ а луо Ахьа суна, иза миччахь делахь а, тIаккха со цунна реза а ве́ Ахьа».