Йеха буьйсанаш - страница 48
Паччахьан командованис шен берриг тIеман ницкъ Нохчийчу теттича, цунна дуьхьалхIоттийна йара Шелара окоп. Цо царна дIакъевлира Йоккхачу Нохчийчоьнан йуккъерчу йарташна тIебоьду некъ. И окоп ларйечу ТIелхагна гIоьнна кхуза баьхкира нохчийн дошлошца наибаш ГIойтамар а, Ботакъ а, СоIду а, Эски а, суьйлийн дошлошца Хьаьжа-Мурд а, гIашлошца Лабаза а. Резервехь лаьттачу хьуьнаршца цIейаханчу Аьрзун бIоца волчу Василийна шера гора тIамна кийча шина а агIорхьара эскарш.
Махо ловзадо ТIелхагна тIера Iаьржа верта. Хетало, иза махо айъина лелош санна. Цуьнан свитица массарел хьалха цунна тIаьхьавогIу элдар дегIара куьце къонах. ХIаваэхь ловзу цуьнан карара Iаьржа байракх. Стенна алахь а, оьрсашлахь артиллерийски аьлла цIейахана иза ТIелхаган байракх йу. Ткъа и куьце къонах Косолапов ву, бусалба дине вирзинчул тIаьхьа нохчаша Жабраил аьлла керла цIе тиллина. Цуьнан говран гоа тIе муцIарш йехкина догIу ТIелхаган шина кIентан дой. Саьнгар тIехь лаьттачу пхеа йоккхачу тоьпан батарейна тIевахана, церан кечаме а хьаьжна, цигахь Косолапов а витина, тIамна тIехь куьйгалла дан лекхачу гу тIе хьалавелира ТIелхаг.
Амма ТIелхага ладегIна тIом оцу дийнахь ца хилира. Хи чу тесча санна, дайра цо масех баттахь хьегна къа. Штурм йолалуш оьрсаша дуьххьара тоьхначу йаккхийчу тоьпийн хIоьънех цхьаъ молханан склада чу кхийтира. Дуьне къардан санна, тата делира цIеххьана. Хеталора, латта, семанна тIера а даьлла, цхьана бух боцчу йесалле хецаделла. ГIопан баролна чоьхьара лаьттан тархаш, тIулгаш, чхаьрнаш, дукъош, гоьргаш стигала хIаваэ хьалаоьхура. Цаьрца хьалаоьху адамаш, лакха хIаваэхь хьаьвзий, масех IуьнцIалг а боккхий, Iода кхийсича санна, йуханехьа лаьтта охьахьолхура. Хьалахьоьжучу Василийна оцу къематденна йуккъехь гира говрахь байракх карахь, ирхвахана, хьаьвзина, масех гуо а баьккхина, цхьа стаг йуха лаьтта охьавогIуш.
Иза Гавриил-Жабраил вара. Кхин хуьлийла а дацара.
Иэккхар дIатийча, оьрсаша штурм йолийра. Оцу иэккхаро хьалхалера планаш йохийна ТIелхаг йухавелира. Оьрсаша дуьхьало йоцуш дIалецира окоп. Цул тIаьхьа масех бутт баьлча цкъа Василийна гира ТIелхагна уллохь Iаьржа байракх буйнахь Косолаповх къаьстар воцуш цхьа нохчо. Василий цецвелира, йа иза жин ду, йа шена бIарлагIаш хIуьтту аьлла. Велла Косолапов денлойла дацара. Ткъа иза велла хиларх Василий цуьрриг шек вацара. Вала муха ца ле, бIаьрго ма-лоццу ирхкхоьссина, охьавоьжна стаг. Лахьо даьIахк-м йисина хир йацара. Амма къаьрззина шега хIара хьоьжуш кхетта важа, ши куьг даржийна, тIехьаьдда, веана маракхийтира.
Иза Гавриил-Жабраил вара.
Цо Василийна йийцира шеца хилла истори. ХIаъ, иэккхаро стигала хьалакхийсинчу адамашна йуккъехь Василийна гинарг иза вара. Цо дIа ца хийцира ТIелхаган байракх, цуьнан эскаран сий. Охьавоьжча, вуон лазийра иза. Шинхьахула аьтту пхьарс а бойра, коьртаний, букъаний контузи а хилира. Амма дийна висира. Синкхетамехь воцуш карийна, схьаэцна, иза оьрсаша Соьлжан гIоперчу лазартне охьавиллира.
– Со нохчо ву моьттура царна, – дуьйцура Косолаповс. – Царна хаьара со ТIелхаган уггар тешамечу гIоьнчех цхьаъ вуйла. Буьйцучу маттах царна со нохчо вацар гучудаларна кхоьруш, со вист ца хуьлура. Iаш-Iаш, дуккха а хан йаьлча, цкъа чувеанчу эпсаро, со оьрси хилар бакъ дуй хаьтти. Вист ца хуьлуш Iара со, ца кхетачух. Цара со хьийзош, ас даре ца деш, дикка хан йелира. Лазутчикаша мотт ма беанера, со оьрси ву аьлла. Массарал хIилла долуш хилира цхьа салти. Цо элира, нагахь сунтвина велахь – нохчо ву шуна иза, вацахь – оьрси ву. Хьаьвси. Дуьхьало йан ницкъ ма бацара соьгахь. Хилча а, цаьрца мила ларор вара. Доцца аьлча, гучувелира со. Iийна-а, уьш сайх теша а тешийтина, дIадаханчу Iай лазархойн халатца, куй коьртахь, тударгашца корах араиккхина, лам чу веара со.