Йеха буьйсанаш - страница 56



Бекхаман лаамах дуьзна дегнаш кхехкачу оцу йуккъехь веккъа цхьа Аьрзу лаьттара, лам санна, собаре, вист ца хуьлуш, воьгIча санна, шен хьаргIачу динахь. Шуьйрачу некхан шина а агIон тIехь лепара цхьацца мидал: «Имамо Шемала хIокху майрачу тIемалочунна хьалхарчу даржан орден ло», «Майра а, къонах а ву». Тамаша бара, оцу шен бIаьхоша детта маьхьарий цунна хаза а хазахь. Баккъал а аьрзунчух тера цуьнан майра хьажар кхерстара мостагIчун позицеш тIехула. Лекхачу хьаж тIехь гора кIорга ойла. Шемалан эскарехь шен хьуьнаршца а, майраллица а гIараваьллачу оцу кхаабIаьнчо, схьахетарехь, мостагIчун гуо хадо мела меттиг лоьхура. Цунна тIера бIаьрг ца боккхуш, тIехьа лаьттара хаддаза цуьнан некъашхо – ваша Iела.

– КIентий! Iожалла йа маршо! – баттара тур доккхуш, дин охьахийцира БойсагIара.

Оцу болатан гоьргана тIаьххье чухецайелира дошлойн жима ковра. Амма царах цхьа ткъех стаг бен ца велира гуонах ара. Чевнаш хиллачаьрца вара некхах тоьпан хIоъ бисина Косолапов а. ТIаьхьадаьллачу орцанера бевлча, ламанан чехкачу хил дехьахь садаIа севцира уьш. Косолапов вала гергавахча, чевнаш хилла вуьш а битина, берриш а цунна тIе гулбелира. Коьрте хиъначу Маккхала шабарца йеса доьшура. Бисинарш тапъаьлла Iара.

– Воха ма вохалахь, Жабраил, xIapa де вайх хIоранна а тIехIотта дезаш ду, – цунна маслаIат дан, дог-ойла айъа гIоьртира, туьра тIе а тевжина, тIехIоьттина лаьтта БойсагIар.

Косолаповн кIайделла балдаш халла хаалуш диэлаозийра.

– И хIунда дуьйцу ахь, майра БойсагIар… Со воккхаве кху дийнахь… ламанан аьрзу санна, маьрша а волуш, айса Iожалла тIеэцарх.

– Весет дан лаьарий хьуна, Жабраил? – хаьттира БойсагIара.

– ХIан-хIа, – бIаьрнегIарш туьйхира Косолаповс. – Амма сан зудий, бераш дуьсу… Бераш даккхий хиллалц, церан доладер аш, шаьш дийна дисахь… Сан кIанте, со муха ваьхна а, муха велла а дийца… Ша къастор цо… муьлхачу новкъа ваха веза… Сан дакъа… ТIелхагна тIе кхачаделаш… йуьртан кешнашка дIадоллийта…

– Берашна са ма гатде ахь, Жабраил. Тхо дийна а долуш, Косин Жабраилан берашна хIума оьшур дац хьуна. Тхайн доьзалш мацалла балийтина а, хьайниш бузор бу оха.

Косолаповс шен ши бIарг Василийна тIебуьйгIира.

– Васале вистхила лаьара хьуна, Жабраил? – хаьттира Маккхала.

Косолаповс ши бIаьрг хьаббира.

– Тхо новкъа-м дац хьуна, Жабраил? Хьайна ала луучунна хецций вистхила, – цуьнан хьаж тIе куьг хьаькхира Маккхала. – Вай дерриш цхьана Дала кхоьллина адамаш ду. Шен махкана генахь Iожалло хьовзийначу стеган дог суна дика хаьа. Цо сатосу винчу махке, ненан маттахь стаг вистхуьлу хазаре. Оьрсаша а, нохчаша а Далла гIуллакхдар баш-башха делахь а, амма АллахIна хьалха цхьаъ ду вай. Тхох бехк лаций ца Iаш, хьайна луъучу маттахь Васале хьайн дагара далхаде. Хьо винчу махкахь йижарий-вежарий а ма бу хьан. Шуьшиъ паргIат вуьту оха.

Косолаповс халла хаалуш корта ластийра. Цо чIогIа таIийначу негIаршна йуккъехула бIаьрхиш Iовдаделира.

– Хьо бакълоь, Маккхал, – элира цо, лазарна садетташ, чIичкъашка а оьхуш. – Ахь даим а олу бакъдерг. Хьо тера вац кхечу молланех. ХIаъ, бу, дера, сан-м винчу махкахь йижарий а, вежарий а, гергара нах а. Суна уллера цхьа а дIа ма вала. Шух лачкъийна xIyммa а дац сан… Сан даймохк, йиша-ваша, сайн халкъ ца дезаш ца ваьлла со шуьгахьа. Бусалба дин керста динал тоьлуш хетта а ца вирзина со цуьнгахьа. Сан даймахкахь харцо йу. Сан халкъана тIехь латтош къиза Iазап ду. Оцу харцонна, оцу къизаллина дуьхьалваьлларг тIепаза войъу цигахь… Шу шайн коча йоьллинчу харцонна дуьхьал маршонехьа гIевттинера. Иза дара со шун агIонгахьа ваьккхинарг… Амма кху ткъа шарахь цхьа минот а йацара суна сайн даймохк, халкъ, сайн йиша-ваша дицделла… Васал, Вася… Суна хаьа, хьан кийрахь а, ведда лам чу веанчу xIop а салтичун дагахь а изза бала буйла… Со цуьрриг дохко ца ваьлла кхаьргахьа волуш айса тесначу гIулчана… Варийлахь, Вася, хьо а ма ваьллахь дохко… Вайн узарш ца хезачу дворянийн эпсарша вайна даймехкан йамартхойн цIе тиллина… Амма и бакъ дац. Вай даймахкана а, халкъана а дуьхьал дацара, ткъа царна тIехь харцо латточарна, хьан нана, хьан нускал, хьан йиша хьийзийначарна, хьайбанех санна, адамех йохк-иэцар йечарна дуьхьал дара…