Йеха буьйсанаш - страница 58



– Ассалам Iалайкум, хьекъийла хьан, МIаьчиг! – тIехIоьттира цунна Васал.

– Ва Iалайкум салам! Дела резахуьлда хьуна а, Васал! Во-о-хьа! Совцал, бераш. Жимма садаIийта цаьрга. Ахь хIун до, Васал, хьо лаа вуй?

Нох дIа а карчийна, шен гIарло доьллачу куьйга Васалан куьг лецира цо.

– Мекха карор бацара-те аьлла, дукъа ваьллера со-м.

– Ца карий ткъа?

– Ас-м, башха лоьхуш, къа а хьийгин хьовха.

КIадделла багах чопаш туьйсу хьайбанаш дажа а ца кхевдара. Йетт ша болчче охьабижира.

– ЦIахь хIун ду? Бераш могаш дуй? Мархет мича хьолехь йу? ВаллахI, ва биллахI, Васал, хIокху тIаьххьарчу деношкахь шун цига хIотта кхиош ма вац со.

– Сиха хан ма йу xIapa, МIаьчиг. Бераш а дика ду. Зуда а, иштта, шен цамгар токхуш йоллу. Жимахволу кIант Юсуп вара тхан кху некъехь хорша оьхуш. Цунна а хIинца гIоли йу. Хьо-м цхьа хаза гIуллакх деш воллу.

МIаьчига куьг ластийра:

– Ахар ду xIapa? ХIокху хьардашна тIехула нох хоьхкуш, котамаша мIараш тийсича санна йо-кх. ТIехула тIе, аха кха мичахь ду? XIapa хьаьрса поппар! Делан балица дIайийнарг хьалакхиахьара а йара цхьа лар. Цхьана а шарахь ши гали хьаьжкIаш а ца йевлла суна хIокху тIера. Ткъа цIахь чоь йуьззина xIapa, – дIо Iачу шина берана тIе корта тесира эццахь, – чIевнеш йу, мацалла багош гIовттийна, къийган кIорнеш санна. Дена неIалт хиларна, ХортIина декхарийлахь вай со-м. Iосас хьайниг санна, шен декхарна эххар а цо xIapa коржам дIаозорах вогу. Амма со дийна а волуш-м хир дац иза.

– Сан урд ца гуш-м, шен кIесаркIаг гур бара Iосина.

МIаьчиг цецваьлла Васале хьаьжира.

– Ой, цу тIе гота ма хьажий цо!

– Маца?

– ХIинцца.

Макхвелла Васал, доьхкарх доллу жоммагIа катоьхна схьа а даьккхина, некъ ца лоьхуш, дуьхьал дол-долчухула шен кха долчухьа дIахьаьдира.

2

Сийсара набаро ша теваллац дукха ойланаш йира Iелас, таро йоьхначу Васална гIo дан некъ лоьхуш.

Шен йиша-ваша долчунна а хала даьхкина и шераш къаьсттина дахделлера, цхьа хиларал сов, чолакх а, боккхачу доьзалан да а волчу Васална.

ДIадаханчу шарахь-м Васал воцчийн а дукха дисинера ахаза ардаш. Нахарна дожа сту-бугIа долуш иттех доьзал а бацара йуьртахь. Амма цул тIаьхьа, шишша ца нисбеллехь а, цхьацца сту нисбеллера дукханна а. ТIом сецначул тIаьхьа маршо йелира аренца йолчу оьрсийн йарташка эха. Оьрсашца тасаделлачу хьошалло дуккха а пайда белира нахана. ХIетталц царна хIун йу ца хиъна аьчган нох а, мекха а деара йуьрта. Бакъду, уьш Iосин а, ХортIин а бен дацара хIинца цкъа. Амма церан мекханаш гиначу цхьаболчу наха, иштта аьчган цергаш а йетташ, дечиган мекханаш кечдира шайна.

Шайн стерчий долчу йуьртахойх цхьаъ бен вацара Iелин тIеваха бIобулуш. Иза вара лахо чохь вехаш волу Акхболатан Ахьмад. И шиъ йа ши доттагI а, йа вовшашна йуккъехь, xIapa ала, гергарло долуш а вацара. Амма цаьршимма вовшийн чIогIа гIо лоцура. Ахьмадан Iелега безам бахийтинарг цуьнан догдикалла, харцо йоцуш хилар а дара, ткъа Iелас Ахьмад лиэрара, иза майра а, хьуьнаре тIемало а, комаьрша стаг а хиларна. Цул сов, иттех шо хьалха цкъа хошкалдахойн арахь хиллачу цхьана тIамехь Ахьмада, иза гуш лаьтташехь тIехIоьттинчу Iожаллех кIелхьара а воккхуш, шен аьтту куьг чолакх динера. Амма аьрру куьйга а болх балуш волчу Ахьмада башха даз ца дира шен чолакхвисар.

Iуьйранна хьалххе гIеттина Iела, ша ирзу тIе вахале, Ахьмадах кхета дагахь, охьачувоьссира. Амма балхана тIера зоьртала Ахьмад цIахь ца карийра. Зудчо, иза сатоссуш гIеттина, peгIa вахана, элира.