Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - страница 11



– Кхин цкъа баьхкира уьш гурахь кIантана тIаьхьа. Масех дийнахь кхузахь Местехь гуо а тийссина, массийтозза Ладжано йуьрта кхача а гIоьртира уьш, ткъа цул тIаьхьа уьш кхин цкъа а кхузахь гина бац.

ШолгIачу дийнахь со сайн накъост сванаца Ладжанехь вара Геловани эланан кертахь. Цкъа мацах бехаш хиллачу доьзалан тишйеллачу хIусамо хIоттадеш долу сурт бIаьрг бузош дацара. Ша дерриге а дара кхузахь къаналлина охьахерцаш, амма керт цIена йара.

ШолгIачу гIаьттан майданехь гучувелира мокха чоа а доьхна, даточу доьхканца гIодайукъ йихкина воккха стаг. Цуьнгахь шаьлта йацара, ткъа когахь дегIана аьхна, кIеда маьхьцеш йара. Иза ламитIехула меллаша, дозаллица корта айбина охьавуссура, ша хIора а ког берриге а Гуьржийн мехкан дуьхьа боккхуш болуш санна. Йуьхь-дуьххьал хьоьжура иза хьешашка. Ткъа йуха корта таIорца массарна а охьаховша бакъо йелира. Стоьла хьалха ша а охьа а лахлуш, цо сан накъосте а хьаьжна элира:

– Соьгара хIун гIо оьшу шуна?

– Сан доттагIа нохчо валийна ас цхьа гIуллакх эцна хьуна тIе – соьга бIаьрг туьйхира сан накъоста.

– Эла, со нохчо ву! Со Гуьржеха кхаьчна йохка-эцаран гIуллакхашкахула. Суна хаьа къоначу элана хилларг а. Ахь эца ма йеззара чIир эцна хьайн кIантах, цундела схьало и нохчийн бер – ас сайгахь мел хилла ахча а, деши а охьадасийра стоьла тIе.

– Со да волу бахам хIара бу, дIаэца, ткъа кIант схьало – ас воккха стаг волчу агIор дIатеттира деши а, ахча а. Эла вистхуьлуш вацара. Цуьнан бIаьргийн кIоршаме шелоно дагчуьра сатийсаман тIаьххьара алу йойура. Цо шина а куьйга ахча а, деши со волчу агIор схьа а тоттуш, элира:

– КIант вац! Дуьнен чохь йоцу хIума ма лехийша.

Вовшашка вист ца хуьлуш, цIа воьдуш вара тхойшиъ. Сайн сатийсамаш кхочуш ца хиларна, сайгахь ницкъ ца тоьарна оьгIазлоно лаьцнера со:

– Алахь вуй и кIант боккъалла а дийна? Хьуна гиний иза? Цхьа а адам дуй дуьнен чохь иза гина теш хIуттур долуш? – оьгIазе хьоьжура со сайн доттагIчуьнга цу баланан куьйг бехкениг иза волуш санна.

– Суна иза гина вац! Амма иза дийна ву. Эла волчохь болх беш хиллачу сванашна гина иза – жоп делира сан доттагIчо.

Гуьржехь сайн хилла гIуллакхаш кхиамца чекхдехира ас, цкъа а ца баьллачу агIор аьтто а болуш, амма сан дог, сан син-паргIато, сан синтем иза ша дерриге а цу къеначу эланан кертахь диссина. Цу дийнахь дуьйна и жима нохчийн бер санна сан синтем а бу гуьржийн эланан йийсарехь – гIайгIане догучу бIаьргашца дерзийра шен къамел Джонхас.

Кутас леррина ладугIура цу къамеле, цхьа дош тIех ца долуьйтуш. Массеран а кийра йоьссина гIайгIа цунна а йуьстах ца йелира.

– Нохчийчуьра массо а маьждигашкахь ахча а гулдина схьаваккха веза и кIант – элира хьешашах цхьаммо.

– Ахчано гIо дийр дац – меллаша вистхилира шен ойланийн йийсарехь волу Джонха.

– ХIан-хIан! Доккхачу ахчане, Iаламат доккхачу ахчане ца далуш хIума ма дац – йуха а шениг дуьйцура хьашас.

– Ахь цунна дашо гIала йоттахь а, гIуллакх хир дац – оьгIазе хадийра и къамел Джонхас, ткъа йуха меллаша вистхилира – со вара цигахь, суна гира цу эланан бIаьргийн хьежар, хIорд а багор болуш йара цуьнан кийрахь летта цабезаман цIе. Соьга дийцира цо и кIант керста санна кхиор ву, оцу кепара кхин цкъаъ а ша эцначу чIирах Iаба.

– Стенна гулдеш ду аш ахча? Беркате гIуллакхна гулдеш делахь цхьаьна йуьрта гулдечул ас лур ду-кх шуна – чоьхьавелира къамелан чаккхе бен хезна воцу Дика. Иза кхеташ вацара стенна сингаттамо лаьцна хIинцалц самукъне хилла шен хьеший.