Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - страница 13



Iуьйранна сатоссуш ши бере Кюнлюме кхечира. Буьрсачу гIуранан а аьтто ца баьллера Черек цIе йолу ахка шен шийлачу йийсаре лаца. ГIовгIа эккхийтина доьдура иза охьанехьа. Цуьнан аьрру йистехь лаьттара Абайн бIов. КIотар самайолуш йара: маьI-маьIIехь саьккалшкара пешнийн биргIанашчуьра Iуьйренан кIур бара гуш, масех жIаьла кертара арахьаьдира, говрийн бергийн тата хезна, амма цара меллаша ког боккхуш гина, жIаьлеш шелонехь Iан дог ца догIуш чоьхьа хьевдира.


Жангуразов Ахия


Кхо бере Ахиян хIусаме кхаьчначу хенахь, цу чуьра араваьллачу ламанхочо ков схьадиллира. Кутина вевзира шен доттагIчун воккхах волу ваша Асхат. Говрашкара биссина хьеший догIмаш меттах дохуш лаьттара бохбала гIерташ:

– Ассаламу Iалайкум! – салам луш, куьйг кховдийра Кутас балкхархочуьнга, ткъа важа куьйг шен йис тесначу мажах а, цIоцкъамех а хьоькхура цо.

– ВаIалайкум ассалам! – шеконе хьешашка хьоьжура балкхархо, царех хIоранга а куьйг а кхийдош.

Кутас цIоцкъамашна тIеоьзна шен месала куй дIа а тоттуш, велакъежча, балкхархочуьнга мохь белира:

– Йа Аллах! Кута вац и? – цо сиха куьйг ластийра шен цIехьа, ткъа цу чуьра цхьа чоа а долуш тIехь, карахь карабин а йолуш, аратассавелира Ахия:

– Со вала велла! Ван а ма ву Кута! – марахьаьрчира иза шен доттагIчунна. – Ассаламу Iалайкум! Делера совгIат хуьлда шу кхуза кхачар сан беза хьеший – элира Ахияс, хIирийчуьнга а, Куте а хьоьжуш.

ХIинца бен ца кхийтира Ахия, ша дукха хазахетта карабин охьайилла а вицвелла хиларах. Иза шен воккхах волчу вешига дIа а кховдош, цо элира:

– Соьгахь а ду сема хила везаш хьал.

ХIирий цхьаъ ала гIертара, амма балкхархоша уьш кхин бистхила ца буьтуш, чоьхьа бехира. Кегийчу наха церан говраш даьхнийн керта садаIа дIайигира. Жимма хан йаьлча хIирийша дийхира шайна цIа даха бакъо лахьара аьлла. Делкъан ламаз диначул тIаьхьа хIусамдайшна хьошалла дарна баркалла а аьлла, хIирий дIабахара.

Сарахь хьаша хIусамдеца ша виссича, Ахияс паднара тIе Кутина дуьхьал охьа а хууш, элира:

– Кута, хьоьга дийца ца оьшуш, хьуна хаьа со а, сан дерриге а тайпа а хьо бахьанехь шайн синош кхоор долуш дац. Тхо даима кийча ду хьошалла деш хьо тIелаца. Суна дика вевза хьо. Хийла нехан бала хьайн дагчухула чекхбалийтина ву хьо, хIинца а кху шелонехь, хьайн чохь ца Iаш, цхьаьнан бала эцна араваьлла хьо. Со кийча ву-кх хьоьга ладогIа – леррина хьоьжура Ахия нохчийн обарге.

Кута вехха Iийра вист ца хуьлуш, ойла йеш. Ткъа Ахия-м сиха вацара. Цунна хаьара шен нохчийн доттагIа цхьа гIуллакх эцна араваьлла вуй.

– Сванетера гуьржийн элас закъалтана лаьцна нохчийн бер. КIентан гергарчу нехан аьтто ца баьлла иза мокъа ваккха. КIант дуьнен чохь ца хиларах тешначу цара дог диллина – гIийла шен доттагIчуьнга хьаьжира Кута.

– Ма тамашийна хIума ду да шен кIант лоьхучура сацар? – цецвелира Ахия.

– Ши куьйг а, ши ког а бихкина Iуьллу цу кIентан да гуьржийн элас Геловани Иликос цу кIентан а, зудчун а бIаьргаш хьалха тур тоьхна вийна!

– ТIаккха кIантаца цуьнан нана йу-кх? – хазахийтира хIусамдена.

– Йац. Нана йелла и шиъ цу йийсарера деддачу хенахь, дукъал дехьайолуш, шело ца лайна.

Тийналла йоьссира хIусамехь. Накъостий бехха Iаш бара вовшашка бист ца хуьлуш.

– Кута! Ас хIун гIо де хьуна? Нагахь санна хьо со волчу веана хилча, цхьаъ дагадеана хир ду-кх хьуна? – шен накъостан дагахь дерг хаьа гIертара Ахия.

– Ахия, суна хьан доттагIа дагавеана – Ратиани элийн тайпанера сванашха волу Мушни. Цу доьналла долчу ламанхочо доккха гIо дийр дара-кх суна Сванетера элас лаьцначу кIантан кхолламах лаьцна ма-дарра шена хаийтича.