Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - страница 12



– И кIант йа лачкъо веза, йа тIамца ваккха веза, нагахь санна ахчанах иза эцалуш цуьнгара вацахь – Джонхе дIахьаьжира ломара Бенара хьаша.

Кху къамелан чулацамах кхетта Дика вист ца хуьлуш, хьешашка ладоьгIуш Iаш волчу Кутина улло охьалахвелира.

– Со а вара цуьнан ойла йеш – стоьла хьалхара хьалагIаьттира Джонха. – ТIамца иза ваккхалур ву, амма цигара араваккхалур вац-кх – цхьаъ дагадеъча санна хьоьжура Джонха шен накъосташка. ТIаккха цIеххьана Куте а хьаьжна, цо элира:

– Суна хьо мичахь гина те? Йохка-эцар лелош-м вац хьо?

– Ву! ХIара хьалха говраш йухкуш хилла ву, цигахь гина хила тарло хьуна цуьнан къамелана йукъа гIоьртира Дика, Джонхин тидам Кутина тIера дIабаккха гIерташ.

– Дер вайна далур дац моьттург, хIора а дийнахь шайн синош ца кхоош, вайн мостагIашца къиссам латточарна мел атта хетар долу хIума ду – догучу бIаьргашца вистхилира Зандакъара Адам. – Хаьий-те цунах лаьцна Йоккхачу АтагIара Аюбана? Довта-МартантIера Кутина, Зандакъара Багина, Хорачара Зеламхина, Теркйистера Саадаллина? Царех цхьаьнан мукъне а аьтто хир бу бер цIа дерзо – ша аьллачух доггах тешаш, и кIант цIа веъна ваьлча санна воккха веш дуьйцура Адама.

КIант маьрша муха ваккха веза бохуш дуьйцуш, шайн ойланаш кар-кара кхийдочарна ца хаьара массарех а йуьстах ваьлла, вист ца хуьлуш Iаш, вехха геналле хьоьжу и шайна йукъара къонаха Довта-МартантIера цIейаххана волу Кута вуй. Йуха а даарах дIайуьзнера стоьлаш, чам болуш кечдинчу Iахаран жижгана тIера айайелла Iаьнаро кийра къизабора. ХIинца-м къамел кхечу хорше дирзинера. Хьеший луларчу къаьмнийн даарийн мах хадош бара, ткъа кIант царна сиха вицвелира. Амма кхачанах а ца кхеташ, вехха уьш тергал беш Iачу Кутин даг чохь иза гуттаренна а виссира.

ШолгIачу дийнахь хьеший цIа баха тохабелира. Гергарчарна шортта совгIаташ а кечдина, Дикас уьш Теркал дехьа новкъа бехира. Сарахь цIа ваха дагадеанера Кутина а.

– Ма хаьара суна, хьо тахана хьайн динна шед тухуш, кхузара дIатассалур вуй – велавелира Дика – Гуьржийн махка гIур ву хьо? – вехха хьаьжира иза обарге.

– Цкъа Балкхаре гIур ву сайн доттагIа Жангуразов Ахия волчу, церан дукъа тIехьахула некъ бу сванашца дIасалела – шен герз нисдеш жоп делира Кутас.

Обарг муьлхха а мIаьргонехь дIаэккхар вуй хуучу Дикин даима а кийча хуьлура цунна лерина кхача: уьстагIийн бакъийна дума а, дакъийна жижиг а, ахьар а. МаьркIажен бода стиглахь баьржжашшехь Кута шен говра а хиъна гIаларт санна цIеххьана дIавайра.

Балкхархо Ахия

Кху шарахь Iа цкъа а ца хиллачу кепара шийла дара. 1901-чу шеран кхолламан бутт бара. Йерриге а Кавказ Iаьнан шелонан йийсарехь йара. Iуьйранна самабаьллачу маьлхан зIаьнарша къегош дара Iаьржа лаьмнаш хьулдина Iуьллучу лайн и дети. Цу Iаьнан туьйранан исбаьхьа тийналла йохош, Дигоран чIожехьа, чаболехь Iаьржа дин хаьхкина воьдура башлакхах хьаьрчина цхьа бере.

Цуьнан Iаьржа маж а, цIоцкъамаш а сира йис йиллина дара, ткъа хаьштиг санна лепачу цуьнан жугIар бIаьргаша ца лоцуш ца дуьссура гонаха хIумма а.

Иза вара Довт-МартантIера нохчийн обарг Кута. Лаьмнашкахь ло диллар бахьана долуш хьаннашкахула чекхвала чIогIа хала дара, цундела ХIирийчуьра Дигорера Топан олучу кIотарахь шен накъост волчохь саца дийзира цуьнан. Кхузахь цхьа де а даьккхина, иза боданца Лаккхарчу Балкхарера Кюнлюм олучу кIотаре дIагIур ву.

ХIирийчо обарг хазахетарца тIелецира, хьешан сий деш, уьстагIана урс хьаькхира цо. ДоттагIаллин марзонехь йаьккхина хан чехка йоьду, цундела хIара де а сиха дIаделира. Сарахь Кута дIаваха кечвелча, хIирийчунна лиира иза новкъа ваккха. Кутас ца оьшу боххушшехь, и шиъ цхьаьна Лаккхарчу Балхкаре кхечира. Маржа-йаI ма беркате ду Балкхарен латта, ма хаза ду цуьнан лаьмнаш, маьлхан зIаьнарша лепайо церан басеш, ткъа эзар шерашкахь дуьйна Кавказан ха деш лаьтта кхузахь къена Эльбрус – Кавказан массо а лаьмнийн сийлаллин Iаламат.