Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - страница 2
«Кавказан баххьаш» говзар – атта йешалуш, йешархочун берриге а кхетам дIалоцуш, литературни исбаьхьалла ца кхоош йазйина роман йу. Цу говзарехь исторически нийсонца довзийтина ламанхойн ламасташ, Iадаташ, церан кхача, уьш бехачу меттигийн цIерш, церан вежараллин баххаш, чIир эцаран мехаллаш а, дахаран чолхе киртиг тIехIоьттича, цара вовшашка кховдош хилла доттагIалла а.
И роман йоьшуш, берриге а тидам тIебоьрзу авторан кIоргечу ойланна.
Шеко йац, хIара роман бакъ болчу хиламийн, дагалецамийн халкъан лийр доцучу иэсан буха тIехь кхоьллина хилар. Романан коьрта турпалхо ву XIX-чу бIешеран цIейаххана вевзаш хилла, Довта-МартантIера нохчийн обарг Кута. Шен йозанашкахь Ермоловс и йурт «Доун-Мартан» цIарца билгалйоккху. Цо йаздо и йурт даима гIебартойн обаргашна кIелхьарадовлийла карош болу лаьхьанан бен бу бохуш. Цундела ламанхойн чалтача чим бина йагийнера и йурт. Халкълахь и йурт йевзаш йара Шайх Мансура дешна йолу, Кавказехь цIейаххана евзаш йолу хьуьжар къаьсттина кхузахь кхоллаелла хиларца, ткъа Шайх Мансуран нана Ану а Довта-МартантIера хилла.
Цу хьуьжарехь нохчий хилла ца Iара доьшуш – ногIий, адыгаш, гIебартой, балкхархой. Цундела заманан йохалла ца хедаш долу вежаралла кхоллалора берийн цу хьуьжарехь.
Романан турпалхой бу Кавказан обаргаш: нохчо Кута, гIалгIа Сулумбек, харачо Зеламха, кхарачо Канамат, хевсур Циклаури Давид, табасаранец Аллахверди, лезгин Кири-Буба, балкхархо Джангуразов Ахия, гуьржи Шеварнадзе Дато, гIебарто Клишбиев Аслан, адыг Тхогазитов Илес. Уьш Кавказехь цIейаххана бевзаш болу халкъан чIирхой бу. Церан вовшашка болу тешам лаккхара бара, муьлхха а чолхе киртиг тIенисйелча, уьш дукха ойла ца йеш, шайн ницкъаш ца кхоош, вовшашна тIекхача хьовсура.
XIX-чу бIешеран чаккхенехь а, XX-чу бIешеран йуьххьехь а Имам Шемала ткъе пхеа шарахь бина тIом чекх ца баьлла, цо халкъан, обаргаллин болам эцна. Романехь бовзийтина болу Кавказан обаргийн болам иза Россин империн эскарна дуьхьало йан аьтто болу боккъалла а боккха ницкъ бу. Адамаша даима а гIо дар а, шайн вовшашца барт хилар а бахьана долуш, обаргийн аьтто болура эшам боцуш кIелхьарабовла.
Романан хьалхарчу декъехь вайна бовзуьйту нохчийн жимачу кIентан къиза кхоллам. Иза гуьржийн къеначу эланан йийсарехь вуьссу. Паччахьан къона эпсар, Гелованин кIант Хонкар мехкан дозанехь лаьттачу ярмаркана пайтонца тIехволучу хенахь, дог Iабош шед йетташ вара мискачу нахана. Цуьнан шед кхийтира базара веана хиллачу нохчочунна а, ткъа цо хье ца луш дуьхьал жоп а делира. Эпсара шаьлта тоьхна, чевнаш йо нохчочунна, ткъа нохчо а лараво шаьлтанца цунна дуьхьало йан. Къона эпсар цигахь дIаволу, ткъа чевнаш йина нохчо а, цуьнан зуда а, бер а Геловани эланан хIусаме дIакхачадо. Гелованис зудчунна а, берана а хьалха тур тохий и нохчо вийна дIавоккху.
Романан хьалхара дакъа чекхдолу Гелованин куьйгара нохчийн кIант маьрша ваккхарца. Кхузахь дуьйцу Довта-МартантIера нохчийн обарган Кутин Кавказера накъостий шайн ницкъаш ца кхоош, нохчийн берана орцах муха бевллера.
Кутас цIа верзаво кIант, Гелованига шен мекара Iалашо кхочуш ца йойтуш. Ткъа Кутина цу тIехь доккха гIо дира гуьржийн а, хевсурийн а, сванийн а, балкхархойн а обаргаша. Ратиани Мурманан а, Ратиани Мзиян а романан шолгIачу декъехь дуьйцуш ду Бакура мехкдаьттанан промыслийн белхалошна декхара йуха дерзорехь Кавказан обаргаша кхочуш йиначу шатайпа операцих лаьцна.