Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - страница 4
Ширачу заманахь дуьйна нохчаша шайн лаьмнашкахь лекха бIевнаш йеш хилла. Цу бIевнашкахь уьш бехаш хилла, цу бIевнашкара мостагIийн бIо а йуха тухуш хилла цара. Заманан йохалла стигла кхийдаш хилла ирхечу тархаш тIехь тIулгах йоьттина нохчийн шира бIевнаш.
Хийла мостагIа вогIура уьш йохош, амма тIаьхьарчу тIаьхена йуха а буьллура тIулг, йуха а йуьллура бIов шайн дай баьхначу лаьмнашкахь. Нохчийн ломахь рогIера тIеман дарц даьлча, хеталора и бIевнаш йан кхин стаг хир вац, уьш кхин цкъа а гур йац цу лаьмнашкахь, амма цу бIевнийн херцаршна тIехь гучуйовлура керла гIаланаш. Даймахкана хьалха долу декхара сил а, дахарал а деза хетачу къоман ницкъ кхочура шайн маршонан билгалонан – керлачу бIевнан тIулг билла.
ХIоразза а летара нохчий мостагIех шайн маршо, паргIато, синтем къуьссуш. МостагIийн терахь алсам мел долу, гIора дайна къам кхин а лекха лаьмнашка хьалагIертара. Лакха хьала мел довлу, цаьргара ницкъаш кхууьра, уьш и лаьмнаш санна онда а, зоьртала а хуьлура, цундела мостагIчо ца боккхура толам, иза иэшамца лаьмнашкара йухавоьрзура.
Цигара охьабиссича, шайн хIусамех йиссина херцарш бен ца карайора царна, амма дахаре болчу безамо, цу дахарца йолчу шовкъа гIо дора царна и хIусамаш тайеш, цу чохь керла дахар кхолла, доьзалаш кхио. Ишта дIаоьхура бIешераш. Карарчу хенахь, 21-чу бIешарехь а дерриге а дуьне теш хилира нохчийн къомана тIебеанчу баланан – йохийна, йаьржийна йарташ, гIаланаш, амма цара шайн дайша санна йухаметтахIоттийра шайн дахар, царна йуха а карийра шайгахь доьналла а, ницкъ а. ХIора а нохчочо шен бIов йуьллуш, лерина тIулгана тIе тIулг буьллу, и тIулг цуьнан къоман историн лард йу. ХIора а тIулг нохчийн Iадат ду – къоман син-оьздангаллин лийр йоцу гIап, и хIора а бIов – къоман тIум йу, цуьнан иэс дийна хиларан билгало йу. Нохчийн лаьмнашкахь лаьтташ йолу бIевнаш шатайпа архитектура хилла ца Iа, иза – нохчалла кхоллалуш йолу пхьаьлгIа йу.
Бусулба дин, Сий, Адамалла, ГIиллакх, Доьналла, Ларам, Оьздангалла, Маршо, Нийсо, Барт, Ийман, Комаьршалла, Къинхетам – къаьсттина и лийр йоцу мехаллаш йеха цу бIевнашкахь, цу мехаллех йоьттина а йу уьш нохчийн къомо. Цу мехаллашна юкъара цхьаъ мукъне а «тIулг» ца хилахь, бIов хаьрцар йу, иштта нохчочун йиш хир йац ша нохчо ву ала, нагахь санна цуьнан дахар цу мехаллех доьзна ца хилахь.
Нохчий цкъа а ца хилла дин доцуш, ийман доцуш. ХIинцалера харц историкаша нохчийн къам Iеса хилла боху ойла йаржо гIерта йукъараллехь, амма нохчийн къам кху дуьнен чохь мел деха, дехаш хиллачу Iадатана чохь гулйелла йу бусулба динан уггаре а йеза мехаллаш. Хийла къахьегна мостагIаша нохчийн къоман цIе йожо гIерташ, цунна ирча цIе кхолла гIерташ. Цу гIуллакхна шайн ницкъаш ца кхоийна цара цкъа а, амма даима а иза эрна хуьлу, хIунда аьлча нохчийн къоман ша мокхазан берд санна йоккха гIортор йу – цуьнан истори, мотт, син-оьздангалла.
Къаьсттина меттан хьокъехь дерг аьлча, билгалдаккха деза нохчийн мотт кху дуьнен чохь уггаре а хьал долчу а, ширачу а меттанашах цхьаъ хилар. Нохчийн меттан хIора а дош кIоргера чулацам а, маьIна а долуш ду. Нохчаша шайн маттахь йитина тIаьхьенна йовр йоцу лар – дуьненан да Дела хилар тешош. Цундела и Дела воцург шайн коьртехь цхьа а гина вац царна цкъа а, цундела ца хиъна царна цкъа а цхьанна а къарбала – йа паччахьан Iедална а, йа аренца тIелеташ хиллачу мостагIашна а, йа къизачу советски политически ражана а.