Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - страница 5
Нохчочо орамца хадош ду шен тайпанехь а, тукхумехь а ша санна волчу маьрша стагана тIехь олалла дар. Нохчаллехь каро мегар ду хьекъалан, динан бух. Цу буха тIехь кхуллуш хилла къомо шен кхане, нохчаллас къагош хилла цу къоман дахаран некъ.
Интернетан агIонашкахь «Горцы» цIе йолчу книган кийсагаш йеша сайн аьтто баьлча, суна йевзира сайн къоман амалан хIинцалц йевзина ца хилла цхьа йолу керла, сирла агIонаш. Ала деза, Ратиани Мурмана шен йозанашкахь йоккха лар йитина йерриге а Кавказан дахарехь. Цо цинцашца гулйина Кавказан сий лардеш хиллачеран дахаран истори.
Халахеташ делахь а, Мурман дуьнен чуьра дIавахана, маршонан зIаьнарша дахар къагийна хиллачарех ша йазйина йолу книга зорбане йаьккха а ца ларош. Йешархойн ирс хилла авторан йоьIана шен ден йозанаш карийна, цо книга зорбане йаьккхина. Лоьран корматалла йолчу Ратиани Мзияс, дерриге а дуьненна дийцина мел сийлахь хилла Кавказан кIентий, мел лаккхара хилла Кавказан хIора а къомера къонахийн доьналла. Кху книгин агIонашкахь Мзияс а, Мурмана а литературни исбаьхьа дашца, буьззинчу барамехь гайтина Кавказан обаргаша латтийна къиссам, церан лехамаш, цара гайтина хилла доьналла.
ХIара книга йешча хуур ду Кавказ цкъа а акха ца хиллий, мелхо а адамаллин а, син-оьздангаллин а масала иза хиллий. Нагахь санна Рим а, цуьнан бакъо а, иштта кхин йолу дуьненан пачхьалкхаллин кепаш а нохчийн Iадатаца дустича, мел дукха хIума Iамо дезар дара царна. ШарIанан бакъонаш а, Iадатан лехамаш а мах боцу хазна йу. Шен дахарехь царна тIетевжаш волчу ламанхочо цкъа а дийр дац зулам.
Адам син-оьздангаллехь кхиорехь Iаламат йоккха меттиг дIалоцу матто, цундела шеко йоцуш ала мегар ду, ишта маьрша, кIоргера мотт болчу къома цкъа а ца айайтина шена тIе шед. Цуьнан тоьшалла ду кху книган коьрта чулацам хилла кийсаг – къоначу элас тоьхна шед ца ладеллачу нохчочо динарг. Синхаамийн шорте цу маттаца ца хилча, къоман кхетам къен хуьлу. Тайп-тайпанчу меттанашах кхоллабелла болу мотт заманан йохалла бовр бу, иштта ша кхолла гIиртина къам а дIада кхераме ду.
ТкъолгIачу бIешеран йохаллехь Дела вац бохуш хиллачу къомо хIун ойла кховдор йу дуьненна? Хир буй цуьнан дахаре болу хьежамаш сирла а, цIена а? Иштачу къомо дуьненна зен бен дийр дац, цуьнгара синтем а, паргIато а хир йац цхьанна а. Цуьнан даима а лаам хир бу кегийчу къаьмнашна тIехь олалла дан, цу къаьмнийн барт бохош, уьш дохийна даржо, уьш шех дозуш хилийта.
Паччахьан Iедалан къиза а, боьха а хилла политика кхайкхаза хьаша хилла, герзан ницкъаца кхечира Кавказе, шеца зулам а доьхуш. Цу Iаьржачу ницкъаша Кавказан хийла къаьмнаш хIаллак дира. Маьрша адам лайн амале дерзо гIиртиначу цу Iедало бен доцуш цIий Iанийнера Кавказехь. Цуьнан Iалашо цхьаъ йара адаман кхетам кагба, цу адамна ша цхьаммо дола дан дезаш долу дийнат ду моьттийта.
Мел чIогIа ницкъ болу пачхьалкхаш а мацца йоьхна а йухур йу, шаьш дуьненан дай хеттарш белла дIабевлла, амма чаккхе йоцуш йу хир йу бартаца, нийсонца дахар кхуллучу къаьмнаша дуьнен чохь йуьтур йолу лар. Нийсонан бакъонаш йоцучу махкахь даима а коьртехь ницкъ а, ахча а хир ду, цундела ишта пачхьалкхан даима Iалашо хир йу нехан маршо дIакхалла, цуьнан сурсатех а, Iаламех а шена пайда оьцуш. Иштачу ницкъашна дуьхьало йалур йац кIиллошка. Боккъалла а кIоргера кхетам а, майра дегнаш а долчеран бен аьтто бер бац шайн сирла ойла дуьненна кховдош, къиссам латто.