Йеха буьйсанаш - страница 70
– ШарIан Iедал динадайшка а делла, тIеман гIуллакхаш ваьшкахь дуьтур вай, – шениг дуьйцура Аьрзус. – ШарIан гIоьнций бен халкъ низаме далалур дац. ТIе, вай дIатоьттур бац кхечу динехь болу нах. Маршонехьа къийса луург, иза муьлххачу къомах, динехь велахь а, вешан байракх кIел хIоттуьйтур ву.
Берса велавелира.
– Аьрзу, хьан молланаший, хьаьжоший дийр дуй иза? Хьуна дика ца бевза уьш. Цаьрга ладоьгIучу халкъана а ма-моьтту шен бохамашна, шегарчу Iазапна а бехке керстанаш бу!
– Бакъ дац и, Берса. Халкъ дацара ткъа паччахьан эскарера уьду салтий тIеоьцург? Вайца цхьана магIара а хIиттина, летарш, лийраш и керста салтий бацара ткъа? Муха летара? Турпала! Вайца Гунибе йуха а бевлла, цигахь, тIаьххьарчу стагана тIехIотталц леташ, турпала ийгира, – тIаьхь-тIаьхьа карзахвуьйлура Аьрзу. – Вай йаккхий тоьпаш кхийса, кхечу говзаллашна Iамийра цара. И дерриг дицделла хьуна?
– Хилийтахьа, ахь ма-бохху, – кIадвелла, йухавелира Берса. – Коьртехь хьекъал, Iилма а долуш, халкъо лоруш майра молланаш беза вайн гIуллакхна. Уьш мичахь карор бара-те?
Аьрзу вуьйхира.
– Ойла йича, хуур дара-кх… – элира цо. – Иштта цIеххьана жоп дала хала ду. Iедало кхерийна уьш…
– ХIай-хIай… Ас дукха ойла йина оцу тIехь. Эрна. Iеламнах дуккха а бу, амма къонахий кIезиг бу царна йукъахь.
– Маса молла везар ву вайна?
– Лаххара а, бархI. ХIор а виллаете – цхьацца.
– Хьо шайх кхайкхийча, хIун дара-те? – вела а велла, Маккхалан чоьже буй Iоьттира Берсас.
– Суна и дагадеана-м дукха хан йеца! – тIетайра Аьрзу.
– Делхьа, ма дика хир дара иза! Цхьаъ мукъане а вешан, халкъаниг, хила ца мега?
– Йитал забарш! – куьг ластийра Маккхала.
– Забар йац оха йийриг, – корта ластийра Берсас. – Нагахь цхьа эвлайаъ ца хилча, вайн гIуллакх галдолуш делахь, хьо хила луур ду тхуна. Макка хьаьжцIа а гIой, цигара цхьа баьццара оба а, иттех дол чалба а йохьуш, цIа вола. Некъахь туркойн пес а эца. Кийчча шайх хир ву хьох. Некъана ахча а вайн долуш ду. Хьо реза вуй, Аьрзу?
– Сой? Нагахь вайн ахча ца тоахь, сайн цхьайолу цхьа шарбал йоьхкина а, вахийта реза ву!
– Вела шуьшиъ! Дика ойла йича, воьлхур вара. Вайн халкъан дакъазалла, атталла вешан эвлайаъ а ца хилла вайн. Мансуррий, Бийболаттий дIаваьлчхьана, корта боцуш дисина. Арахьара стаг, иза къу велахь а, сагIадоьхург велахь а, ги а вуллий лелаво. Муьлш бу вай вешан имамаш бинарш? Арахьара нах. Мел адам хIаллакьхилла уьш бахьанехь? ХIунда боху уьш лакха? Вешан Iовдалалла!
Лакхара динадай хьахабелча, даим а карзахволура Маккхал. Амма иза тахана санна оьгIазе цкъа а ца гинера Аьрзуна.
– Кхин а ду цхьаъ, Маккхал, – элира леррина ладоьгIучу Берсас. – Маршонехьа къийсамехь дин, къаьмнаш, тайпанаш а къесто иэшац. Маршонан гIуллакхна тешаме верг вайн ву, дуьхьалверг – мостагI. Мичча къомах, динехь велахь а. Ас дуьйцу ца хезна хьуна, Венгрехь маршонехьа гIеттинчу халкъаца массо а къомах нах бара. Церан гIаттам хьаша баьхкинчу шайчарна дуьхьал леташ. Коьртаниг стеган дог-ойла, адамалла, оьздангалла, къонахалла йу.
– Ахь дуьйцург ша ду, Берса. Вай а ца къестийна къаьмнаш а, дин а. Шен махкара эккхийна, гIаддайна веанарг вешан ваша вина тIелаьцна. Оьрсий, гуьржий, хIирий, гIебартой, чергазой, кхин дуккха а. Ас буьйцурш кхин бу. Йа шен а, йа вайн халкъан а бала а боцуш, шайн аьттонна Iовдал нах лоьхуш, вайн махка богIурш. Вайна вешан стаг ца везий хууш, кхуза схьа а богIий, вайн коча ховшу уьш.