Йеха буьйсанаш - страница 71
– Ткъа вай вешаниш лерац, – дуьйцура Маккхала кхидIа. – Вешаниш хIаллак муха бийр бара-те бохуш, лела. И хуучу арахьарчара цунах пайдаоьцу. Жа санна, шайна луъ-луучу агIор дIасахьийзадо. Къуръан тIера цхьа-ши айат дагахь деша хууш хилчахьана, арахьара стаг ги вуллу. Кара а оьций, куьйгаш тIехь лелаво. Даош, малош, тIедухуш кхобу. Вешан Мансурах хIун дира вай?
– Уьш массо бехвар нийса дац, доттагIий. Оцу тIебаьхкинчарна йуккъехь а бара майра а, хьуьнаре а, оьзда а къонахий. Халкъ дезаш, даггара цуьнан маршонехьа, бусалба динехьа а къуьйсуш, леттарш, белларш а бу.
– Ишттаниш кIезиг бара царалахь, – элира Маккхала. – Вайн вешаниш дуккха а хир бара, вайна хилийта хиънехь, хилларш ларбинехь. Вайна ца хаьа вовшийн лера, вовшийн сий дан. Вовшашна йуккъера хьаьгIнаш, гамонаш йу вайх адамаш хила ца дуьтурш. Халкъан барт белахьара йа и барт бан къонахий белахьара, хIара Iедал тIера дIакхоьссина йа цуьнца машар хилла, гIуллакхах тоххара цхьа aгIo йаьккхина хир йара. ХIинца иза а йа важа а дац. Iу воцу бажа санна, даьржина лела.
– ХIун дийр дара ткъа, хIокху масех бIе шарахь иштта Iамийна-кх вай. Даим дIа тIемаш, хийрачийн олаллина дуьхьал къийсам. Шаьш бIарздича, хIораммо а кIелхьарвала некъ лохура. Боьхий, цIений ца къестош.
– Иштта-м дара иза, Маккхал, – элира Берсас. – Вайна ваьшна йукъарчу хьаьгIнаша а, девнаша а новкъарло йо оьрсашца машар бан а, паччахьан Iедалх кIелхьардовла а. И имамаш кхечу къаьмнашлахь хIунда бац? Масала, ХIирийчохь, ГIебартахь, Чергазехь? Бахьана стенах доллу? Кхетамах. Хьекъале стаг ша саннарг Iехо ца гIоьрта. ГIуллакх хир доцийла хаьа. Шел Iовдалниг лоху цо. Ас цIераш йаьхначу мехкашкахь, Нохчийчохь санна, бодане къаьмнаш ма дац. Къуьно къола серлонгахь ца до. Къуьнна бода а, барт а боцу меттиг йеза. И ший а Нохчийчохь долуш ду. Цундела нах Iехо луург кхуза вогIу. Вайна йукъа питанаш туьйсуш, вай Iехош, тIум санна, даа.
Генадоццуш хьуьн чохь диг детта долийра. Дукха хан йалале кхагаран, кIуьран хьожа йеара цигара схьа. Хьун хьоькхуш, йагош, ирзош дохуш бара нах.
– Дависарг, дуьненан Iилма хууш нах белара вайн, – элира Маккхала сатийсаме. – ХIун Iамадо хьуьжаршкахь? Къуръанаш, жайнаш. Кхолламна сатохар, собаре хилар. Оцунна-м реза ду вай, Дала мукъалахь. Дала лардойла вай Шех а, динах а цатешарх. Амма вайна дуьненан Iилма а ма оьшу. Цуьнца ду вайн халкъан хиндерг. Амма вайнахана и хаац. ХIоранна а ша эла хета. ТIелхигваьлла, къоьлла къикъвоьлла велахь а.
Берса охьахиира.
– Лаьмнашкахь вехаш хилла, боху, дика къонах а, хьекъале а ву бохуш, генна махкал арахьа а цIейахана цхьа стаг. Иза лоьрура сирбеллачу къеначара а. Цунах дагабийла богIура ХIирийчуьра, ГIебартара, Чергазойн махкара. Иза вуьйцу хезна, ган веана гена махкара цхьа эла. Цуьнан куьце, ницкъе, хьоле а, бахаме а хьажа. Веана кхаьчна иза воккхачу стеган йуьрта. ДIаса бIаьрг тоьхна. Цхьаннахьа а гуш, гIала-м хьовха, xIapa ду аьлла цIа а ца хилла. Хаьттина эло, хIокху эвлара мукъане а вуй и цIарна а цIейахана хьенех. Цунна цхьа лаппагIа гайтина, кхечарах къастам боцуш. ХIара кетIахь сецча, тIевеана дукхе-дукха безамехь воккха стаг а, куьце виъ кIант а. Иэца ма-веззара тIеэцна хьаша. ХIусамна чувахча, кхин а цецваьлла иза. Гуобаьккхина къоьлла. Хьаша кхача биъна ваьлча, гIуллакх хаьттина хIусамдас. «Делхьа, воккха стаг, Нохчийчохь вехаш цхьа хьекъале, оьзда къонах ву бохуш, хезнера суна тхайн махкахь, – долийна эло. – Иза ган, цуьнан хабаре ладогIа, цуьнан бахаме, хьоле хьажа араваьлла со, хоьт-хоьттуш, хIокху йуьрта, хIокху хIусаме кхечи. Ас лоьху стаг наха, хьо ву, боху. Къечу стагана хала ду къонах хила. Махкахь а, махкал арахьа а вевзаш стаг муха хилла хьох?»