Йеха буьйсанаш - страница 73
– Кхиамаш боцуш вацара иза. Цуьнан Iедалан къизалло галдаьккхира дерриг а.
– Цхьа къизалла хилла ца Iа бехке, – реза ца хилира Маккхал. – Коьрта бахьана кхечанхьа доллу. Цо а, цуьнан динадайша а кхайкхийна гIазот. Цара и хьехамаш ца бинехь, гуьржий, хIирий, хIокху агIорхьара оьрсий а хир бара вайца. Амма оцу гIазото цхьалха дити-кх. Цкъа, берриг динадай цхьаьнакхеттачохь, ас элира, шун хьехамаша дакъаздаьккхина халкъ, керстанашца машар хила а, барт хила а ца дуьту аш. ХIетахь мунепакъ-молла аьлла цIе тиллира суна.
– ДIадовлийша, Делан дуьхьа, – оьгIазвахара Аьрзу. – Ас-м ца кхойкху шу гIазоте. Вайн гIуллакхна молланаш оьшу. Халкъан маршонан дуьхьа бала реза а болуш.
– Мичахь бу ишттаниш? Айхьа карабе…
– Ас мичара карабо? Маккхале лахийта. Цунна дика бевза уьш.
– Делахь, Маккхал, хьайна накъостий лахар хьуна тIехь дуьсу. Тахана-м хьо цхьаъ ву вайца. Кхин бархI хьуна мичахь карор ву, Цхьа Дела воцчунна хаац. Арен тIерачу йарташкара динадайх догдилла. Уьш дукхахберш кхерабелла. Шелахь цIий Iанош шена гIoдинчарна чинаш, совгIаташ делла Iедало. Iедало шайн гIуллакхех бохийначех а ма теша. Уьш а, шаьш лелийначунна дохко а бевлла, хIинцале инарлина Тумановна суждане оьхуш бу.
Дехьо йежа говраш ларйеш лаьтта Болат тIекхайкхира Берсас.
– ДанчIас хIумма а ала-м ца аьлла соьга?
– ХIан-хIа, – корта ластийра кIанта.
– ХIета, чехкка цIа гIo. Садовш лаьтта.
Баккхийчаьрца жимма Iан лаьа кIант дегаза цIехьа волавелира.
– Ахь хьахийнарш хIун совгIаташ дара, Берса? – къамела тIе йухавирзира Маккхал.
– Доцца аьлча, тешам бац арен тIерачу йартех. Совдегарш, эпсарш кхуьуш бу цигахь, нитташ санна. TIe, керла йохкучу станицаша а, гIепаша а, морзахо санна, йукъакъевлина и йарташ. Йерриг вайн дегайовхо Нохчмахкана а, ЧIебарлана а тIехь йуьсу.
– Тешамза бевллачу нахана хIун де вай?
– Цаьрца йолу йерриг зIенаш йуххехула дIахедайе. Амма, цхьа чо а вайн гIуллакхна йамартло йахь, уьш кортойх бевр буйла а хаийта. Церан метта муьлш хIиттор бу-те?
– Хаац, – ойлане вистхилира Аьрзу. – Ши-кхо де даьлча, Солтамурд волчу гIyp ву тхойша. Цунах дага а девлла, цхьа некъ лохур бу-кх.
– Шайна хуур шуна дан дезарг. ГIаттаман тхьамданаш лахар, даим санна, хьуна тIехь дуьсу, Аьрзу.
– ХIинца, Берса, ахь дийцахьа хьайн керланиш.
ДоттагIийн цхьаьнакхетаран коьрта бахьанаш дийца деза хан тIекхаьчнера.
– Сан хабарш хIумма а вай даккхийдеш дац, кIентий. Вайн махка тIе керла станицаш, тIеман чIагIонаш йахка ойла йу Iедалан.
Цецваьлла Аьрзу бага гIаьттинчохь висира.
– Ахь хIун элира? – эххар а вистхилира иза.
– Iаьржачу ломан, ГIачалкха-дукъан когашца йолу йарташ Соьлжан аьрру агIон тIе а, ГIебарта а кхалхийна, БуритIара охьа Хаси-Юьрта кхаччалц станицийн керла могIа бан сацам хилла.
Маккхал сихха кхийтира оцу планан Iалашонах.
– Йуха а цкъа Нохчийчоь тукарца йара доллу-кх. Оцу гIуллакх тIехь зиэделларг ду Iедалан. Мацах цкъа Соьлжа тIехула иштта цхьа могIа станицаш а йехкина, вайн вежарий гIалгIай вайх дIакъастийра. Йуккъе зайл а тоьхна. ДIабаханчу бехачу тIамехь йа вайца цхьаьнакхета а, йа вайна гIo дойла а ца хилира церан. Кхузахь керла хIумма а ма дац. Даимлера политика. ТIекхеттарг хIинца Нохчийчоь масех декъе йекъар ду-кх.
– Нагахь вай йекъийтахь! – сацамболлуш мохь белира Аьрзун.
– ХIинца ламанан Нохчийчоь аренах къасто гIерта, – дуьйцура Берсас. – Органций, Хулхулоций хьала йолу шира чIагIонаш а тойеш, керланаш йогIа ойла а йу. ТIаккха Нохчийчоь кхаа декъе йекъало. Дагестанах а хеда. Цуьнан тIаьхье бIаьрзечунна а гур йу.