Йеха буьйсанаш - страница 72



Воккхачу стага жоп делла: «Суна а, сан хIусамнанна а вовшийн дезара. Охашимма вовшийн сий дора. Иза гучу тхан бераша а лийрира со. Доьзало сий деш, лоьруш гича, лулахоша а лийрира. Лулахошна со стаг хетча, йуьртана а хийтира. Йуьрто сий деш гича, махко а сий дира сан. Махкахь йахана цIе гена мехкашка а кхечира. Нахана со ву моьтту стаг сох винарг уггар хьалха сан хIусамнана, тIаккха доьзал а бу, хьаша».

И хабар а дийцина, цунах жамI ца деш, йуха а дIатевжира Берса.

– Иштта ду гIуллакхаш, кIентий. Вай хьалха ма-аллара, стеган сий шегара, шен доьзалера долало. Уггар хьалха ваьш лера хаац вайна. Эрна ца аьлла Шемала: нохчийн шайн диканиг лакхавоккхуш гу а бац, вуониг чутосуш ор а дац. БIаьрзе ду вайн халкъ.

– ХIетте а, Берса, луларчу халкъашца дуьстича, дукхе-дукха маьрша даьхна вайн халкъ. Гихь элий а боцуш. ВархIий дайшкахь дуьйна дуьненан цхьана а паччахьна хьалха корта а ца таIийна. ХIинца а таIо ойла а йац. Оццул дакъаздаккхий а ма дийцал аш вайн гIуллакх.

– Ма бIаьрзе стаг ву-кх хьо, Аьрзу, – мохь белира Маккхалан. – Вайн халкъан а ма бара шен хьолахой. Царал сов, тIебаьхкина элий а, неI хьеллац вайн халкъ дацош. Бакъду, кхечу къаьмнашкахь санна, хьолахойн долахь дацара вайн адамаш. Цхьаннех бозуш боцуш, маьрша баьхна вайн дай. ХIор а стага ша лардора шен сий, маршо. Цунна гIаролехь лаьттара вайн Iадаташ а. Амма пайда барий ткъа оцу маршонан, дерриг халкъ къен, бодане хилча? Бакъду, луларчу къаьмнийн элий къиза бу, цара шайн халкъаш сийсаздо, Iазапехь дахкадо. Амма – оццу элаша, дуьхьало ца йеш, шайн лаамехь оьрсийн паччахьехьа а бевлла…

– Цулла а, хьийзораш ца йеш, нийсса алахьа: ахчанах, чинех шайн чуоконций бохкабелира. Шайн халкъаш а доьхкира.

– Иза-м хууш дерг деца. Мухха делахь а, оьрсийн паччахьехьа а бевлла, шайн къаьмнаш оцу бехачу тIамах, эрна хIаллакьхиларх кIелхьардехира цара. ХIинца церан Iеламнах бу. Бусалба а, оьрсийн а дешар дешна. И халкъаш вайл токхе а деха.

– Вайл дика-м ца бехара уьш. Машаре, синтеме а беха. Хьалха шайн элий бара церан йаьIни тIехь. Паччахьан Iедал тIедеача, цо шен дукъ а доьлли церан коча.

– Вайн халкъан бехк бац иза къен, бодане хилар, – элира Берсас ойлане. – Иза бехке дац маситта шарахь оьрсашца хиллачу тIамна а. Маршо йезар, шена ма-хуъу, шен ницкъ ма-кхоччу иза ларйан гIертар – и бехк бу-кх вайн халкъан. Иза даим а машаре хилла лулахошца. Боккха лерам бара массо а халкъе а. Берриг бохамашна бехке хIара неIалт хилла паччахьан Iедал ду. Амма хилларш, лелларш, цатемаш, мостагIаллаш дицдийр ду вай. ХIинца вешан берриг ницкъ хьалха оьрсашний, вайний йуккъехь хилла тешам, ларам а йуха меттахIотторна тIехьажо беза.

– Тамаша бу, Берса, ахь Кунта-Хьаьжица тоба ца динехь! Хьан ойла паччахьан Iедалехьа дIа ца хьаьвзинехь!

– ХIан-хIа. Оьрсашца машар бар, гергарло чIагIдар а данне дац маршонехьа къийсам сацабе бохург. Оьрсийн халкъ а дац аттачу хьолехь. Цо а къуьйсу шен маршонехьа. Оцу къийсамехь цхьаьна хила деза вай. И ду со ала гIертарг.

Хан дIайоьдура. Попан дахделлачу IиндагIе а хьаьжна, доттагIий сихбира Берсас.

– ГIуллакхах дийций вай? – элира цо. – ХIета, динадай йукъабалабе боху-кх ахь, Аьрзу?

– Оцу цхьаболчара шайн тешамах-м, дера, даьхнера вай. Амма кхин ницкъ ца хаьа-кх суна адам вовшахтоха. Вай Делах тешаш нах ду, Дала мукъалахь.

– ХIета, йуха а гIазотан байракх айъа, боху аш? – Iоттар йира Берсас. – И динчу Шемалах хилларг йа цунах тешначу вайх хилларг а дицделла хьуна?