Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - страница 33



Ельцин эрна хан йойуш вацара, цо сихонца арахийцира суверенитетан Деклараци, цуьнан буха тIехь Россехь тIеэцна долу законаш Лаккхарчу Совета тIеэцначарел ницкъ болуш хир ду. Оцу кепара, европейски пачхьалкхашна тIера а, цул тIаьхьа шен федеративни республикашна тIера а тергам байна йолу Советски Союз шен центрах а йелира.

КППС тобане хIотта дагахь волчу Завгаевн аьтто белира дикачу дарже а кхочуш, депутат хила. Амма цуьнан боккхачу политически кхиамна новкъарло йеш йара нохчийн политикехь гучуйаьлла кхин цхьа къеггина цIе – Хасбулатов Руслан.

Иза Московски университетан бакъонан профессор а вара, интеллигенцис вуно чIогIа лоруш а вара.

Горбачевн гуоне кхаьчначу цо куьйгалла дора дуккха а законопроектийн, оцу кепара цо шен дика цIе йаккхийтира Iедалехь а, иштта нохчийн йукъараллехь а.

Хасбулатовн цIе де дийне мел долу политикехь шуьйра йевзаш хилар хаза ца хетара Завгаевна. Церан йукъараллин маьIна долуш, масех доккха дов делира, цундела Конгрессехь болчу харжамшкахь церан дар-дацар политически дебаташкахь а коьрта кхачамбацар хилла дIахIоьттира.

Эххар а и шиъ Ассамблея йукъа вахийтира, амма тIаьхьа вайна гур ду цу шинна йукъахь кхоллабеллачу цабезамо нохчийн хиламашна муха тIеIаткъам бийр бу.

Партияш кхоллайалар

Завгаевна мел лиънехь а, Халкъан фронт гIелйаларо оппозици дIа ца йеккхира. Бисултановн боламо кхин а чIогIа йаккхий Iалашонаш хIитто йолийра.

1989-чу шеран мангалан баттахь Халкъан фронтан пIендарах гучуйелира «Барт» цIе йолу культурни ассоциаци.

Иза нохчийн къоначу поэта Яндарбиев Зеламхас кхоьллина къоман тоба йара.

Вай хьалха вийцина хиллачу обарг Зеламхин цIе тиллина волчу Яндарбиевн доьзалан муха мехаллаш хилла а кхетар мегар ду. Яндарбиев Зеламха вина I952-чу шарахь Казахстанехь. 1981-чу шарахь цо чекхйаьккхира Соьлжа-ГIалара ишкол, ткъа цул тIаьхьа шен дерриге а дахар Зеламхас литературина а, культурина а дIаделира, КПСС-ан культурни вовшахкхетаршкахь куьйгаллин даржашка а кхочуш.

Журналистикехь а, Iилманан гуонашкахь а шен хаарш хиларе терра, Яндарбиевн йоцачу ханна йукъахь аьтто белира финансисташца йукъаметтиг нисъйан. Цара гIо дира цунна «Барт» цIе йолу партийни органна зорба тоха. Ткъа цо шен рогIехь йукъараллина йовзуьйтура йозуш йоцу Нохчийчоь кхолларан майра ойланаш.

Завгаевс шен тергоне ийцира Iедалан массо а дакъа, и бахьана долуш тIаьхьарчу хенахь цунах реза ца хила а буьйлабелира. КПСС йукъахь цуьнца цабезам болчара оппозиционни боламаш кхолларехула шайн болх дIаболийра, ткъа тIаьххьара Хасбулатовца даьллачу девно иза массарна а дIа а хаийтира.

Оцу кепара, къоначу интеллектуала сацам бира «Бартах» КПСС санна боккъалла а политически парти кхолла, амма Халкъан фронт санна кегайелла а йоцуш[6].

[36] 1990-чу шерийн йуьххьехь Халкъан фронтан политически ницкъ кхачийнера, ткъа иза иракарахIиттош хиллачеран цунна тIехь терго къуьссуш, шайн барт боьхнера. Ткъа ша Бисултанов 1990-чу шеран лахьанан баттахь ахча дайарна бехке винера. Цул тIаьхьа Халкъан фронт масех кегий тобанна йекъалур йу, ткъа эххар а йухур йу.

.


Иштта кхоллайелира Вайнахски демократически парти (ВДП). Цо йукъараллина кховдош йолу коьрта ойла йара – Россех Нохчийчоь йозуш ца хилар а, Кавказан къаьмнийн конфедераци кхоллар а.

[37] Вайнахски демократически партийца нийсса Яндарбиевс кхоьллира лаьмнийн къаьмнийн Конгресс, 1918-чу арахь Чермоев Тапас кхоьллинчух терра, цуьнан хилла Iалашонаш а йолуш. Конгресс хилира Абхазин коьртачу шахьарехь Сухуми гIалахь. Цигахь губеллера Кавказан ткъаессана къаьмнийн векалш. Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Москвахь бехачу кавказхойн хьашташ довзуьйтуш йолу цхьаллин политически парти кхолла, амма вай хьалха йийцина хилла йолу къаьмнийн гамонаша новкъарло йира и ойла кхочуш йан. Амма барт хилира йозуш йоцучу пачхьалкхийн конфедераци кхоллайалийта бух кечбийр болу Кавказан къаьмнийн Ассамблея кхолла.