Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - страница 34




Цуьнан политически программийн коьрта пункташ йара пачхьалкхан атеизм дIайаккхар а, динан бакъо йухаметтахIоттор а, вай хьалха йийцина хилла йолу Мехк-Кхел йухаметтахIоттор а.

Йуьхьанцара Завгаевн правительствона «жоьпаллин оппозици» санна йовзийтина хилла йолчу ВДП-х кестта КПСС дозанал арахьара маьрша ойланан коьрта гIирс хилира.

Яндарбиевн партийна тIаьхье гучуйелира дуккха а керла цIерш. Хьалхара йара физикин-математикин Iилманан профессора Гойтемиров Рамзана куьйгалла деш йолу экологически фракци – Баьццара болам. Цунна тIаьхьа рагI кхечира интеллектуалийн либеральни хьежамаш болчу «Дош» цIе йолчу боламан. 1990-чу шеран хIутоссург беттан 4-чохь кхоллайелира Нохчийн социал-демократически парти, цуьнан декъашхойх цхьаъ вара похIма долу журналист Музаев Тимур. Цунах лаьцна ма-дарра вай жимма тIаьхьа дуьйцур ду.

ГIеххьа хьежамаш болчу консерватораша кхоьллира граждански бартан Болам. Цо къобалдора дуккха а партийш хилар а, Россица федеральни зIе латтор а, ткъа ши шо хьалха кхоьллина хилла а, карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь болх беш а йолчу Бусулба дин йухаметтахIоттаран партин аьтто белира радикальни партийн гуонехь шен меттиг йаккха а, и санна йара МВД хьаькам хиллачу Гантемиров Беслана куьйгалла деш хилла бусулба динан некъан партийа а.

Цу партийн терахь алсам далар бахьана долуш, Нохчийчоь Россех къастарна кхерабеллачу гIалгIазкхиша, Кодзоевс а, гIалгIайн радикалаша а кхоьллина хилла ГIалгIайн демократически парти санна шайн болам кхоьллира.

Вай хьалха ма-аллара, жигара политически къовсам Коммунистически партина шена чохь а дIабоьдуш бара. 1990-чу шеран бекарг баттахь Лаккхарчу Совете хиллачу харжамех реза ца хилира куьйгаллехь долу коьрта Iедал. Критикашна йукъахь вара вай хьалха вийцина хилла волу университетера талламхо, Виноградовс балхара дIаваьккхина хилла волу Ахмадов Хьусейн.

Оцу кепара, правительствехь гучуйелира керла цIе – Умхаев Леча. Иза гIишлошъйаран компанишкахь кхиъна волу пачхьалкхан гIуллакххо вара. КПСС-ан дукхох болу декъашхоша санна цо къобалдеш дацара 1989-1990-гIа шерашна йукъахь Завгаевс Iедална централизаци йар.

Карарчу хенахь цо кхоьллина болам «Суверенитет» цIе йолуш бара, иза коьртачу декъехь реза боцучу коммунисташна хилла ца Iаш, гIеххьа хьежамаш болчу националисташна тIехьажийна а бара.

Цундела цуьнан цхьа ког Лаккхарчу Советехь хила безаш бара, ткъа важа векалалла а, демократи а йоьхучу «неформальни боламашна» йукъахь хила безаш бара.

Оцу кепара Умхаевс Нохчийн къоман конгресс вовшахтоха ойла йовзийтира. Цу конгрессе партийн векалш кхайкхина ца Iаш, хIора а йуьртара делегаташ а кхайкхинера.

И гIуллакх массара а чIогIа къобалдина тIеийцира. Умхаевна тIетайра националистически партийш а. Царна ца лаьара Завгаевс а, Умхаевс а Iедал къуьссучу йукъахь хIаллак хила, цара сатуьйсура Конгресса рекрутингови база а кхоьллина, иза нохчийн культура кхио Iалашо хIоттийнчу интеллектуальни ассоциациша тIелацаре. [38] 1990-гIа шо Iаламат дукха партийш кхоллайаларал совнаха, интеллектуальни вовшахкхетарш кхоллайаларца а билгалделира, цу йукъахь йара гIалгIайн Iилманчийн Ассоциаци а, Нохч-ГIалгIайн истори талларан а, къоман интеллигенцин а Ассоциаци.

Цунна тIехь шен терго латто дагахь хиллачу Завгаевс а къобалдира Умхаевс долийнарг.

Оцу кепара, 1990-чу шеран хьаьттан баттахь Умхаевс Конгрессан Вовшахтохаран комитет дIакхайкхинчул тIаьхьа, иза хазахетарца тIелецира йерриге а къоман политически майданехь.